Коронавирус хьакхаелла стаг гучуваьлла ГIалгIайчохь
![Коронавирус хьакхаелла стаг гучуваьлла ГIалгIайчохь](https://gdb.rferl.org/4894D934-97A2-4702-B478-64F7F6A0C55C_w800_h450.jpg)
Лоьраша тIечIагIдина ГIалгIайчуьрчу вахархочун коронавирусан ун кхетта хилар. Республикан Iедалша чIагIдарехь, карарчу хенахь цуьнан хьал дIоггара вон дац.
"Саццаза лоьрийн тидамехь ву иза", - хаам бина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас. Цо дийцарехь, республикерчу кхин а 6 вахархочун анализаш дIахьажийна Москох, коронавирус кхетта хила мега аьлла шеко йолуш.