Оханан-беттан 30-чу кхаччалц яхйина Путина болх ца бен раж
![Оханан-беттан 30-чу кхаччалц яхйина Путина болх ца бен раж](https://gdb.rferl.org/2667D572-1734-431B-BB12-E42C16E5FEA1_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир еарин дийнахь телевизионехула къамел дина халкъе. Цо Оханан-беттан 30-чу кхаччалц яхйина болх ца бен раж.
Президента дIахьедар дина, балха ара ца бовлучу белхахойн алапа диса дезаш ду аьлла.
Путина иштта кхин а алсам бакъонаш елла федерацин субъектийн куьйгалхошна, церан аьтто хилийта коронавирусца къийсам латтош, хIоранан а шайн регионе хьаьжжина, оьшург дан.
Оьрсийчохь чолхе хьал ца кхайкхийра Путина.