Роспотребнадзоро тIечIагIдина Нохчийчохь коронавирус хьакхаелла хилар кхин 3 вахархочун
![Роспотребнадзоро тIечIагIдина Нохчийчохь коронавирус хьакхаелла хилар кхин 3 вахархочун](https://gdb.rferl.org/6FB2A037-209B-4373-8E07-721E85323205_w800_h450.jpg)
Нохчийчохь коронавирусан ун кхеттачу нехан терахь алсамдаьлла. Роспотребнадзоро бинчу хаамца и вурс хьакхаелла хилар гучудаьлла кхин а 3 стагананна. Цу кепара церан терахь ду 15-тта.
Карарчу хенахь Нохчийчохь дарбан цIийнехь болчерах 2 стаг волчу хьолехь ву, боху лоьраша.
Нохчийчоьнан могушаллан министро Сулейманов Эльхана меттигерчу телеэфирехь къамел деш хаам бина ма хиллара, бисинчу дархойн хьал цхьана эшшара ду. Цо дийцарехь, кхин а 28 стаг ву и цамгар хьакхаелла хила мега аьлла шеконехь.