Нохчийчохь коронавирус кхеттачех шиъ вочу хьолехь ву
![Нохчийчохь коронавирус кхеттачех шиъ вочу хьолехь ву](https://gdb.rferl.org/CCE8C29A-BB08-4DBE-A174-8D0D5CABC88F_w800_h450.jpg)
Коронавирус хьакхаелла ши стаг вочу хьолехь ву Нохчийчохь. Бисинчу дархойн хьал цхьана эшшара ду, дийцина меттигерчу телеэфирехь Нохчийчоьнан могушаллан министро Сулейманов Эльхана.
Цо бинчу хаамца, карарчу хенахь лабораторехь тIечIагIдина COVID-19 ун кехтта ву республикехь 12 стаг. Кхин а 28 стаг ву и цамгар хьакхаелла хила мега аьлла шеконехь.