Къилбаседа Кавказехь кхин а 5 стаг велла, COVID-19 ун даьлла ву 206
![Къилбаседа Кавказехь кхин а 5 стаг велла, COVID-19 ун даьлла ву 206](https://gdb.rferl.org/D296DF01-5C3A-441B-BC65-98098B9C0311_cx0_cy2_cw0_w800_h450.jpg)
ТIаьххьарчу цхьана буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекцех велла пхи стаг.Дагестанехь кхоъ, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а цхьацца. Оперативан штабан информацица, коронавирус ца яржийтархьама яхначу буса Кавказан регионашкахь 206 стаг схьакъастийна COVID-19 ун даьлла.
Къаьсттина дукха бу ундаьлларшш ГIалгIайчохь – 63, Дагестанехь – 49, Ставрополан кIоштахь – 28, Краснодаран махкахь - 21, ГIебарта Балкхаройчохь – 19, Адыгейхь – 16, Кхарачойн Чергазийчохь – 7, Нохчийчохь – 3.