Шина нохчочо вогучуьра кIелхьара ваьккхина францхо
![Шина нохчочо вогучуьра кIелхьара ваьккхина францхо](https://gdb.rferl.org/092b3641-62fc-4c23-8a74-244f9bcfa390_tv_w800_h450.jpg)
Маршо Радионо хаьийтина ма-хиллара, Францерчу Монтерей-Фон-Йон гIалахь догучу цIенна тIенисвеллачу шина нохчийн мухIажиро - 33 шо долчу Домбаев Джамбулата а, 40 шо долчу Улубаев Маьхьдис а – валарх кIелхьарваьккхина воккха стаг. Кегийнехан хьуьнарх лаьцна Францин президенте кехат дахьийтина махкарчу нохчийн диаспорин хьалханчаша. Стаг шаьш муха кIелхьарваьккхира дийцира цара Маршо Радиога.