Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Туькана баханарш, балхара богIурш, гаражан чуьра хи чу йоьхкинчу хӀуманийн банка схьэца боьлхурш. Муха лоьцу Москвахь изоляцин раж йохораш

Туькана баханарш, балхара богIурш, гаражан чуьра хи чу йоьхкинчу хӀуманийн банка схьэца боьлхурш. Муха лоьцу Москвахь изоляцин раж йохораш

КIира а дац, яздо "Настоящее Время" телеканало,  Москвахь леррина раж кхайкхийна, ткъа шахьаран бахархошна хIинцале а 100 миллион гергга сом ($1,3 млн) барамехь гIуданаш диттина. Ишта полисхоша дIалеца болийна изоляцин низамаш талхораш. Цхьаболчу лецначара дийцарехь, цхьа а бахьана а доцуш, сецош бу уьш.

Шен цIенна гена йоццуш сацийнера, масала, Шубина Наталья. Цуьнан кIанта бахарехь, дIасаяха бакъо йолу электронан кепехь даьккхина кехат хиллера цуьнгахь, полисхочунна иза гайтина а хиллера цо. Кхин цкъа а гайта шега аьлча, дуьхьалъялла хиллера Шубина.

«Со а цхьаьна шаьш сацо веза, со шайца дIавига а веза аьлла, хеташ бара уьш. Шена полисхоша некъ бихкича, моха еара цунна», - дуьйцу Шубин Вернера.

Видео дIаязъечу ницкъахочо боху пенсионеран документ дара цо гайтинарг, цундела Наталья сацон хьесап хилира шайн. 

Цуьнан кIанта Вернера шаьшиннан карара дIасадаха бакъо хилар гойту, туькана воьдучунна иза оьшуш а йоццушехь. Наталья дIаюьгу. Полицин декъехь цIийн Iаткъам лакхабаьлла хиллера цуьнан, шена лоьраш кхайкха аьлла, дехна а хиллера цо. Психиатрин гIо кхачийнера цунна тIе, цара дарбан цIийнехь охьайиллира иза.

«Цхьа препараташ йиттина хиллера цунна. ЦIийн Iаткъам хилча молуш долу Галоперидол хиллера иза. Кхузахь ницкъахошца къуьйсийла дац сан, цунна вон а хиллера и молханаш оьшуш а яра цара бохуш хилча. Бертаза мехий диттинера цунна, дукха эмоционале яра иза бохуш», - дуьйцу Шубин Вернера.

Цул тIаьхьа полисхоша нуьцкъаша дарбан хIусаме дIайигийтинера Наталья. Дарбан цIийнехь вовшахтоьхнера цуьнан хьокъехь суьдхойн кхеташо а. Кхело Шубина бакъйинера. 

Карарачу хенахь шен цIахь ю иза, бертаза диттинчу молханех меттайогIуш.

«Тхан аргументашна тIетайначу прокуратурано бакъо ца елира Шубина Натальина дарбан хIусамехь госпитализаци яйта. Харцо лелийначу полисхошна дуьхьало ян цуьнан бакъо яра», - аьлла, кхетийра «ОВД-Инфо» адвокато Захватов Дмитрийс.

Машанехь дIасаваха электронан бакъонаш яла йолийчхьана кеп-кепарчу регионашкахь шога нах лоьцуш, сецош видеош яьржира интернетехь. Дукхахйолчу меттигашкахь полисхоша карантинан раж йохорна протокол хIоттадора. Иттаннашкахь эзарнашкахь ду уьш а.

«Изоляцин низамаш дохийнера аьлла, стаг лаца йиш яц, хIунда аьлча, и дан бакъо луш артикл цахиларна. Нагахь санна, оцу стеган цIе а, иза веха меттиг а урамехь къасто йиш елахь, оьшуш дац иза полцин декъе дIатекхо», - боху юридикан «Апология протеста» хьукматанкуьйгалхочо Глухов Алексейс.

Набережные Челны гIалахь полицин декъан йоккхачу хIусамчохь гулбинера изоляцин низамаш хьешна аьлла, лецна балийна нах. Царех дукхахболчарна тIехь масканаш яцара. Оцу наха чIагIдора, шайн хIусамашна уллохь лецна далийна шаьш бохуш.

«Регионашкахь дукхахдолу къепейохор - дIоггара даккхий зуламаш дац, Iедалхоша а, полисхоша а ма-дийццара. Дукхахберш царах — туькана бахана, балхара богIуш, шайн хIусамна уллорчу гараж чуьра наьрсийн, я помидорийн банканаш схьаэца арабевлларш бу. Уьш сеца а беш, царна протоколаш хIиттадо», - бохуш, дуьйцу Глухов Алексейс.

Москван мэран керлачу омри тIехь цхьа дош дац яздина, раж йохийнарш дIалеца беза аьлла, боху бакъонашларъярхоша. Полицех хIоттийначу низаман тIехь охьадагардина ду стаг лаца оьшу бахьанаш. Нагахь санна, сацийначо полисхочо бохург кхочуш ца дахь, я кехаташ гайта дуьхьал иза хилахь, тIаккха магош ду лаца а, сацо а. Бисинчарна — протокол хIотто догIу, ишта бакъо ю цуьнца а догIуш, гIуда тоха а.

Бакъду, дукха хьолахь кхел лаьцначуьнгахьа хуьлу. 

Санкт-Петербургера волонтер ю Максимишина Диана. Цо гIо до нахана, церан гергарчу къаношна кхачанан сурсаташ дIакхачош. Кху деношкахь Александровский сад олучу меттигехула юхайогIуш хиллера иза. Оцу бешан территори тIе воьду некъ бихкина бацара. Полисхой баьхкира цунна тIе.

«Соьга хоьтту: «Хьо кхузахь хIу деш ю?», «Карантинан раж стенна йохайо ахь?». Кехаташ хаьттича, машен лело сайн бакъо дIагайтира ас. Цунах тоам а бира цара. «Хьуна протокол хIоттор ду» элира», - дуьйцу Максимишина Дианас.

15 эзар соьмера 40 эзар соьме кхаччалц гIудан кхерам бара Дианина. Кхеле шен адвокатца цхьана еара иза. «Кхеташо йоцца хилира тхан. Кхелахочо ладуьйгIира соьга, цхьа кIезиг хеттарш а дира, тIаьххьара а гIуллакх юкъахдаьккхира цо, даьлла зулам ца гина», - дуьйцу Дианас. 

Шайн цхьа протоколийн норма ю боху бакъонашларъярхоша ницкъахойн, церан план кхочушъян декхаре бу уьш. Шаьш бехкхедар тIе ца дуьту дукхахболчу бахархоша, тIаккха полисхоша дIалоьцу уьш.

«Дийнахь а, буса а и протоколаш хIитто Iалашонца тIаьхьабевлла лела полисхой нахана. Юха зуьйш хуьлу, муьлхачу декъо маса лаьцна, маса протокол хIоттийна. КIезиг протоколаш хIиттийнарш «критикан зонехь нисло» чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан гергахь. Царна бен-башха дац-хьаькамашна а, церан омранаш кхочушдечарна а: хьан, хIу до, хIун Iалашо ю. Команда деллий - ойла а ца еш, воьдий, кхочушдо цо», - аьлла, билгалдоккху «Полицин омбусмен" (Омбудсмен полиции) проектан куьйгалхочо Воронцов Владимира.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

На телеканале «Культура» рассказали о предстоящей премьере оперы «Борис Годунов»

Кирби: США никак не связаны с решением не приглашать РФ на торжества в Нормандии

Сына модельера Вячеслава Зайцева госпитализировали в тяжелом состоянии

Подмосковные масла для добывающей промышленности представили на международной выставке

Музыкальные новости

Хозяйка «голой» вечеринки Анастасия Ивлеева открывает в Москве азиатский ресторан

Дело об избиении в Московской области азербайджанцем молотком участника СВО расследуют повторно

Пушинка из Космоса спасёт либо снесёт США? Научные важные данные. Проект «Святой Ленин».

ЧЭРЗ запланировал оздоровительную кампанию для сотрудников и их детей

Новости России

Пострадавшему в ДТП главе минздрава Камчатки сделали операцию

5 июня Красноярские электробусы будут возить пассажиров бесплатно

Сергунина анонсировала программу празднования Дня молодежи в Москве

Глава Бурятии рассказал о рабочей поездке в Москву

Экология в России и мире

Создайте стильный образ из самых простых вещей в гардеробе

Российский лоукостер запустил рейсы в Анталию из Махачкалы

«Заставлял Костомарова мыть свою машину, чтоб потом он на ней покатался по парковке!» Илья Авербух рассказал о дружбе с Романом Костомаровым в шоу «Вкусно с Анфисой Чеховой» на ТВ-3

«585*ЗОЛОТОЙ» выступила партнером медиафестиваля творческой молодежи YOUPITER

Спорт в России и мире

Мирра Андреева впервые вышла в четвертьфинал турнира Большого шлема

Александр Зверев: «Сказал себе, что хочу стать примером для подражания. Я больше не ломаю ракетки, почти не получаю предупреждений»

Азаренко не смогла выйти в 1/16 финала открытого чемпионата Франции по теннису

Осталась в одиночестве: Андреева победила Грачёву и вышла в четвертьфинал «Ролан Гаррос», Медведева остановил де Минор

Moscow.media

Пожар в пятиэтажке унес жизнь неосторожного курильщика

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде

На орловской трассе столкнулись микроавтобус «УАЗ» и тягач «Scania», груженный дисками вагонных колес

Два дня, наполненных театром, музыкой, книгами и наукой, — в Парке Горького во 2-й раз прошел Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *