Чергазийн байракхан де ду даздеш онлайн кепехь
![Чергазийн байракхан де ду даздеш онлайн кепехь](https://gdb.rferl.org/257A2455-60B6-4E68-B969-4DDBDDF66EAD_cx0_cy15_cw0_w800_h450.jpg)
Дуьххьара онлайн форматехь даздеш ду Чергазийн байракхан де. Коронавирус яьржина хиларца доьзна иза чергазийн юкъараллаша.
Адыгей, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь мехкашкарчу адыгаша байракхаш яржийна шайн балконашкахула, корашкахула, цIенойн тхевнаш тIехула, машенашца.
"Провокацех ларлуш, юкъархой Iедална дуьхьал бевлла ца бахийта, хIусамашкахь даздан сацамбина оха и де", - боху Адыгейрчу "Адыгэ Хасэ" кхеташонан декъашхочо Негуч Шамсуддина.
Дезчу денна лерина онлайн кепехь Чергазийн байракхах лаьцна байт йоьшу конкурс а хIоттийна жигархоша.
Охан-беттан 25-чохь даздо Чергазийн байракхан де.