РЕН ТВ: вийна Нохчийчуьра вахархо карийна Москван кIоштахь
![РЕН ТВ: вийна Нохчийчуьра вахархо карийна Москван кIоштахь](https://gdb.rferl.org/6C5CF583-A8CE-4A56-B24A-36BE53274A2E_w800_h450.jpg)
Москван кIоштарчу Солнечногорск эвлахь, вен а вийна, ирахъоьллина стаг карийна. РЕН ТВ-н хаамашца, Нохчийчуьра вахархо хилла иза. Вийначуьнан цIе зорбанашкахь йовзийтина яц.
Хьостан информацица, рагIух хьалаоьллина хилла иза. Цуьнан дегIа тIехь дуккха а йина чевнаш ю. Бехктакхаман гIуллакх а долийна, хилларг толлуш ду полисхоша.