Миллионал сов ву Iамеркехь COVID-19 вирус кхеттарг
Таханалерчу дийнахь дарба хилла 142 эзар вахархочунна.
Шайн пачхьалкхехь ун даьлла нах тIехсов хиларан бахьана ду, боху Iамеркан президенто Трамп Доналда, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь "тесташ яр кхечу пачхьалкхашкахьчул а дика хиларна".
Кхаарин Iуьйранна Iорадаьхначу терахьашца, доллу дуьненчохь коронавирусан ун даьлла 3 миллион 150 эзар стаг. Беллачийн терахь ду 218 эзар.