Карантинан раж ларъяр дехна Нурмагомедовс
Спортхочунна хетарехь, яьккхина паника хиларна а, лоьраша дечу хьехарийн адамаша ледарло ярна а "цамгар маса яьржина".
Цомгаш нах цIеххьашха алсамбовларна а, дарбан хIусамаш юьзна хиларна а лоьраш а, молханаш а тоаме дац боху Нурмагомедовс.
Дагестанехь, тIаьххьарчу хаамашца, 1147 стаг ву коронавирусан ун даьлла, 11 пациент велла.
Доллу дуьненахь кхелхина 218 010 стаг. 3 миллион сов ву массо а пачхьалкхашкахь COVID-19 ун даьлла. Дарба хилла 956 064 эзар стагана.