Нохчийчохь кхин а цхьаъ велла COVID-19 вирусах. Ун даьлла ву 465 стаг
Шинарин сарахь тIаьххьара бечу хаамехь дина цу кепара дIахьедар могушаллла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. Эпидеми яьржичхьана 79 стагана дарба хилла. Чолхечу хьолехь хиларца дарбан хIусамехь ИВЛ аппаратана тIетесна ву 11 вахархо. Кхин а 185 пациент ву кислородан гIоьнца латтош.
Нохчийчохь COVID-19 вирус кхетта верриг а 447 вара, тIаьххьарчу буса царна тIекхетта кхин а 18 стаг. Эпидемиологин ситуаци телхинчу пачхьалкхашкара цIавеана 2280 стаг ву лоьрийн тергонехь латтош.