Карарчу беттан 11-чу дийне кхаччалц Нохчийчохь транспорт лелар яц
"Карарчу беттан дезачу деношкахь, 11-чу дийне кхаччалц, юкъара транспорт махкахь лелар яц. Массаьрга а дехар ду изоляцин раж лайъяр а, чохь сацар а", - аьлла ду хаамехь.
Оьрсийчохь шен дозанаш дIакъевлинчех хьалхара регион ю Нохчийчоь. Охан-беттан 5-чу дийнахь дуьйна кхачан сурсаташ а, медицинан гIирс а кхоьхьучарна а, транзитан транспортна а бен некъаш ца дитина Нохчийчохь.
Ишта дозанаш тоьхна бахархойн дIасалеларна а. Я туькана, я аптеке бен баха йиш яц церан.
ТIаьххьарчу хаамашца, республикехь коронавирусан инфекцица ву 504 стаг, дарба хилла 231 пациентана, велла 7.