COVID-19 Къилбаседа Кавказехь: дийнахь буса велла 4 стаг. Ун кхетта кхин а 487-нна
Коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабан тIаьххьарчу хаамца, дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла 4 стаг. Ун хьакхаделла 487-ннах.
Къилбаседа Х1ирийчохь велла ши стаг велла, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а – цхьацца. Уьнах юьхьанца дуьйна беллачийн терахь кхаьчна 114-нне.
Дийнахь-буса уггар дукха дархой тIекхиина Дагестанехь. Дийнахь-буса а, ун даьржичхьана схьа а цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду:
Дагестан +105 (2372 юьхьанца дуьйна)
ГIебарта-Балкхаройчоь +83 (1008)
Краснодар-мохк +99 (1633)
Къилбаседа ХIирийчоь +89 (1342)
ГIалгIайчоь +49 (1067)
Ставропол-мохк +23 (887)
Нохчийчоь +29 (674)
Кхарачой-Чергазийчоь +6 (463)
Адыгей +4 (206)
Верриг а коронавирус кхеттарг ву Къилбаседа Кавказехь 9652 стаг.