Трамп: коронавирус Перл-Харборал а, Гезгмашин-беттан 11-чул а боккха бохам бу
![Трамп: коронавирус Перл-Харборал а, Гезгмашин-беттан 11-чул а боккха бохам бу](https://gdb.rferl.org/0D61EA19-4A43-462C-ADE9-E2136F837CE2_w800_h450.jpg)
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентана Трамп Доналдна хетарехь, 1941-чу шарахь японхоша Перл-Харборна тIелетча а, 2001-чу шеран Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь террорхой тIелетча а динчул дукха ду коронавирусан уьно цуьнан пачхьалкханна дина зен.
"Пачхаьлкхан исторехь уггаре ирча тIелатар лайна вай. Вайна тIебоьжнарг баккъал а вуно боккха бала бу. Перл-Харборал а, Дуьненан йохк-эцаран центр йохорал а боккха", - аьлла Трампа, хаамбо «Американ Озо».
Гавайн гIайреш тIехь Перл-Харборна й94й-чу шеран Дечкен-баттахь тIелатар дича, Дуьненан шолгIачу тIеман декъа йоьлла Америка. Ткъа 200й-чу шарахь Нью-Йоркерчу йохк-эцаран центрна террорхоша тохар дича, велира 3 эзар гергга стаг. И шолгIа бохам бахьана долуш болийра Цхьаьнатоьхначу Штаташа «террорца тIом» Афганистанехь а, Малхбалехь а.
Амма коронарусо дIадаьхьина, тIаьххьара болчу хаамца, Штаташкарчу 75 эзар стеган дахар. ДуьнентIехь уггаре доккха терахь ду иза таханенна. Ун карийна 1 миллион 250 эзар америкахочуьнца. Бохамо вуно боккха эшам бина цигарчу экономикана а – кхидолу зен доцуш, белхазаллица доьзна ахча оьцуш ву кху тIаьххьарчу 6 кIиранах 30 миллион америкахо.
Iедало дерриг а до кризис лахъян, ахча хьийсадо экономикан дакъошка, бахархошна.
Вирус дуьххьара гучуяьлла йолу Китай, иза яржорна бехкейина Трампа цхьана декъанна. Уханерчу лабораторин хIусамера араяьллачух тера ду коронавирус, аьлла Трампа а, Пачхьалкхан департаментан куьйгалхочо а. Бакъду, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисаша ца дина и тайпа дIахьедарш. Ша Китайно а герга ца дуьту вирус леррина яржийна ю бохург.