Цхьа стаг кхелхина коронавирусах, кхин а 518 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса
![Цхьа стаг кхелхина коронавирусах, кхин а 518 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса](https://gdb.rferl.org/01578C99-1E74-4C45-B37D-B8BA8757071D_cx0_cy5_cw0_w800_h450.jpg)
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь цхьа стаг велла коронавирусах, цомгуш хилла – 518.
Коронавирусна дуьхьалоечу Оперативан штабо далочу керлачу терахьашлахь цхьа стаг ву Оьрсийчохь беллачех Дагестанера. Верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь 118 вахархо.
COVID-19 массанхьачул дукха хааелла дийнахь-буса Краснодар-махкахь – 98 стагехь.
Краснодар-мохк +98 (1830 юьхьанца дуьйна)
Дагестан +92 (2560)
ГIебарта-Балкхаройчоь +79 (1168)
Къилбаседа ХIирийчоь +69 (1505)
Ставропол-мохк +69 (1012)
ГIалгIайчоь +44 (1152)
Кхарачой-Чергазийчоь +31 (509)
Нохчийчоь + 28 (733)
Адыгей +8 (220)
Оперштабо бахарехь, ерриг а Оьрсийчохь ун хьакхаделла 198 676 стагах.