Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса коронавирусах велла ши стаг. Ун карийна кхин а 472 стагехь
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь, коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, ши стаг велла, ун кхетта кхин а 472 вахархочунна.
Белларш бу Краснодар-махкара а, ГIалгIайчуьра а цхьацца стаг. Юьхьанца дуьйна велла Къилбаседа Кавказехь 120 вахархо.
Уггаре дукха бу дийнахь-буса COVID-19 шайца хилар тесташа билгалдаьккхина нах Краснодар-махкахь.
Дийнахь-буса а, ун даьржичхьана схьа а цомгуш хиллачу къилбаседа-кавказхойн терахьаш иштта ду:
Краснодар-мохк – керла + 99 (1 929 юьхьанца дуьйна)
Дагестан +93 (2 653)
ГIебарта-Балкхаройчоь +77 (1 245)
Къилбаседа ХIирийчоь +70 (1 575)
ГIалгIайчоь +47 (1 199)
Ставропол-мохк +38 (1 050)
Нохчийчоь +26 (759)
Кхарачой-Чергазийчоь +18 (527)
Адыгей +4 (224)
Ерриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 шайца хааелларг ву 11 161 стаг.