COVID-19 ун даьлла нах сов хиларца дуьненчуьрчу мехкашлахь 3-чу меттигехь ю Оьрсийчоь
Цхьана дийнахь цомгуш хиллачийн рекорде терахь ду иза. Де хьалха 11 012 пациент вара COVID-19 вирус йолуш. Верриг а ун кхетта ву 221 344 стаг.
Инфекци яьржина нах дукха хиларца Италел а, Великобританел а хьалхаяьлла Оьрсийчоь дуьненчуьрчу пачхьалкхашлахь 3-чу меттигехь нисъелла.
Яхначу буса а, дийнахь а коронавирусах велла 94 пациент. Цул хьалха 88 вара кхелхинарг.
Эпидеми иккхичхьана COVID-19 вирусах велла верриг а 2 009 стаг. Дарба хилла тIаьххьарчу буса а, дийнахь а 5 495 вахархочунна. Ткъа йоллу заманчохь товелла 39 801 пациент.