Лулахочуьнца дов даьлча цуьнан керта граната кхоьссина Ставрополерчу вахархочо
"Вина де даздеш гулбелла хилла Георгиевск гIалин гонашкарчу цхьана хIусамехь. Чохь-кертахь иккхинчу конфликтана тIехула мила ву ца хуучу стага граната кхоьссина хилла кхеран керта. Лазийна 11 стаг", - яздо меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамехь. Полицин информацица, шеконашкахь хилла зуламхо лаьцна.
COVID-19 вирусан кхерам латтарна Ставрополан кIоштахь карантинан раж ю кхайкхийна. Зазадоккху-беттан тIаьххьарчу деношкахь регионера массо а бахархой изоляцехь хила беза аьлла, дIакхайкхийна а дара.
Верриг а коронавирусан инфекцица ву Ставрополан кIоштахь 1 050 стаг. 289 пациентана дарба хилла. Уьнах велларг 20 ву.