Марха шайн чохь даста аьлла, кхайкхам бина Дагестанан муфтиято
![Марха шайн чохь даста аьлла, кхайкхам бина Дагестанан муфтиято](https://gdb.rferl.org/A23FE564-7119-40EA-A029-FD1CBFD13F3C_cx0_cy18_cw59_w800_h450.jpg)
Дагестанан муфтиято шайн махкахошка кхайкхам бина, карантинан раж а ларъе, Марха а шайн чохь даста аьлла, хаам бо "Кавказ.Реалии" портало. Динан урхалло чIагIдо, дезачу деношкахь, хьеший а кхойкхуш, тIехдаьккхина стоьлаш хIитто а, кешнашка эха а оьшуш дац аьлла. Иштта хьехна дезачу дийнахь Iийда-ламазаш а шайн хIусамашкахь де аьлла.
Марха кхабар а, дастар а бусулбанийн уггар а коьртачех ду. Мархин бут берзош даккхий тойнаш хIиттош, вовшашка хьошалгIа а оьхуш, даздо цара.