COVID-19 Нохчийчохь: 787 дархо ву, 9 кхелхина
![COVID-19 Нохчийчохь: 787 дархо ву, 9 кхелхина](https://gdb.rferl.org/F1D8C10B-8146-42F0-889D-B4E25C56836A_cx9_cy8_cw85_w800_h450.jpg)
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Нохчийчуьрчу коронавирусан инфекцех лаьттачу хьолах хаам бина республикан могушаллин министро Сулейманов Эльхана.
Динчу зерашца, лоьрийн тергонехь ву 3 517 стаг. COVID-19 вирус къаьстина кхин а 28 вахархочуьнца. Верриг а ун токхуш ву 787 пациент.
"Царах 422 дархочунна гIоле хилла, 9 пациент кхелхина, регионехь пандеми яьржичхьана", - аьлла министро.
Юха а кхайкхам бина Сулеймановс шегара, карантинан низамаш а, социалан дистанци а ларъяр а, нахана юкъахь бетах масканаш лелор а доьхуш.