ГIалгIайчуьра хьаькам бехкевина 3, 5 миллионна пачхьалкхана зен дарна
Талламчийн версица, дуьненахь воцучу шина стеган цIарах пенси хIоттийна хилла цо 2011-чу а, 2018-чу а шерашкахь, харц информаци юкъарчу бази чу а йоккхуш. Иштта, харц банкан картанаш дахийтина, пенсеш цу тIе дохуьйтуш хилла цо.
Дерриг а цо шен кисана диллинарг ду 3,5 миллион сом. Бехкевечуьнна ахча охьадиллийтар тIедожош, кхеле латкъамбина ГIалгIайчуьрчу Пенсин фондан декъо. Магасан кIоштан кхеле гIуллакх листа дIахьажийна прокуратурано. Хьаькам бехке хIоттийна Зуламан кодексан 159.6-чу артиклца аьлла, хаамбина ГIалгIайчоьнан прокуратурано шайн сайтехь шинарин дийнахь .