Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Бух боцу проблема ю аланашна гонаха гIаттийнарг"

Канадера профессор, гIажаройн историн говзанча Фольц Ричард Къилбаседа ХIирийчоь талла воьлла ду шераш. Цуьнан белхашца карайойла ду аланех лаьцна а, хIирийн даздарш довзуьйту а теманаш. Шен тидам къаьсттина тIебохуьйту цо хIирийн динан ламасташна.

- Хирийчоьнах лаьцна хIун белхаш бу хьан зорбатоьхна, муьлха болх бу ахь кху муьрехь кечбеш?

- Iилманийн журналашкахь хIирийн тематика толлуш сайн кхо болх арахецна ас. Цхьаъ бу Юккъерчу Заманан бIешерашкахь керста дин мел даьржина хилла аланашна юкъахь аьлла. ШолгIаниг – Уацдин толлуш (Æцæг Дин - «бакъ дин»). КхоалгIаниг - Рекомерчу килсах лаьцна (Цей-чIожара хIирийн динан килс - ред.).

"ГIажаройн энцикклопедина" ХIирийчоьнах лаьцна массех болх а язбина ас. Цул совнаха, "Канадахо ХIирийчохь" аьлла блог а ю ас ингалсан маттахь лелош, дукха бац ингалсхошлахь хIирийн мохк бевза нах.

Сан зудчо Фатимас – иза хIири ю – оьрсийн матте а яьккхина сан массех пост, яржийна социалан машанашкахь.

Шина книги тIехь къахьоьгуш ву со карарчу хенахь. Цхьаъ ю "ХIирий: Кавказера кхузаманан скифаш". 2022-чу шарахь Лондонехь араер ю иза, Гарри Потерах язйина книгаш арахьоьцу зорбанхо ву сан книга кечъенъерг. ХIирийн Iилманчийн белхаш цхьаьна а гулбина, дуьненна бовзийта, ингалсан маттахь арабаха дагахь а ву со.

- ХIирийчохь бехха лаьтта, ду я дац хIирийн дин цIуйн дин боху къовсам. Хьуна муха хета цунах лаьцна?

- Суна хетарехь, хIирийн къоман динца дуккха а ду ширачу заманара ламасташ, амма кхиъна иза, сан доттагIчо Салбиев Тамира ма-аллара, "керста духарахь". Масала, Уастырджин васт дозало Везачу Георгийца (Жиржис – бусалба жайнешкахь – ред.). ГIажаройн Митра а вогIу цуьнца. Гарехь, Георгий а, Уастырджи а, Митра а цхьана орамера мехаллаш ю.

- ХIирийчохь хьуна, Iилманчина санна а, адамна санна а, хIун го уггаре мехала?

- Со гIажарой толлу историк-Iилманча ву, цундела лела ХIирийчоь зуьйш а – иза дуьненарчу гIажаройн декъах уггаре кIезиг евза маьIиг ю. ГIажаройчоьнах, Курдистанах, Юккъерчу Азех ХIирийчоь дIакъаьстина хиларе терра, ша кхиина хIирийн синбахам, цундела цо дуккха а баххаш ло гIажаройн, аьлча а арийн, култура йовза – кхузахь бен вайна карор боцу орамаш ду дуккха. Сох дерг аьлча, даима дезна суна лаьмнаш, ткъа ХIирийчоь – иза дуьнентIехь уггаре хаза лаьмнаш долу мохк бу.

- Кхин цхьа боккха къовсам а бу Кавказехула баьржина – "муьлш бу аланех схьабевлла". Хьуна хетарехь, муьлха къаьмнаш ду аланийн тIаьхье?

- Суна хетарехь, бух боцу проблема ю аланашна гонаха гIаттийнарг, хIунда аьлча, лингвистико а, мифологино а, лаьтта тIехь дисинчу ширачу тоьшаллаша а шеко йоццуш гойту аланаш хIирийн хьалханчаш хилар. Иза дац аланийн юкъараллехь кхечу къоман адамаш хилла дац бохург, амма мотт а, синбахам а "арийн" бух болуш го, ша "алан" цIе а ю гIажаройн маттера. Къовсамна, аргументашна бухахь Iилма дац, политика ю, масала, дуьненан Iалам хийцалуш дац, бохуш, айдина къамелаш санна.  

- ДуьнентIехь, кхечу пачхьалкхашкахь санна, Iилманчаша а, могIарчу адамаша а лоруш стенна яц Наьртех йолу барта кхолларалла?  

- Суна хетарехь, бахьана ду оьрсийн мотт хууш боцчу нахе иза дIакхочуш яцар. Наьртех йолу эпос францойн матте яьккхина Дюмезила 1965-чу шарахь, амма ингалсан матте ца яьлла иза 2016-чу шарахь бен.

- Хьуна ХIирийчоь уллера евзаш, хьо уггаре хьалха цецваьккхинарг хIун дара?

- Ас даггара эр ду, со цецваьлларг а, сан дог дохийнарг а ду хIирийн мотт кIезиг лелаш хилар, хIираша иза алссам лелош бацар. ХIирийн курачу националисташа а тIехь буьйцу оьрсийн мотт. Ас сагатдийриг ду, дикка тидам тIе ца берзабахь, хIирийн мотт кестта лийриг хилар, боккха бохам хир бу тIаккха. Со вехачу Канадехь 50 шо хьалха францойн маттаца дара ишта хьал, амма жигара баьккхинчу балхо меттахIоттийра хьал. Со Iаш волчу провинцехь берашна уггаре хьалха хьоьху мотт бу иза, ткъа францойн маттахь ингалсан маттахьчул дукха хила деза тхан цигара йозанаш. Иза сонта хета-м тарло, амма иштачу хIумано шен болх бо, цундела тхан къона тIаьхье ший а мотт шера хууш ю.

- Кавказан къаьмнийн исторех, динех, синбахамах, хьан кхетамехь, муьлха агIонаш ю Iилманчаша кIезиг теллина, талла езаш?

 - Кавказан аспектех цхьаллиг цхьаъ яц кхоччуш теллина, юьсуш ю талла езаш. Ас язйеш йолу книга ю ХIирийчоьнах лаьцна дуьххьара Малхбалерчу меттанашкахь араяьнъерг, цундела лаьа суна цо пайде гIулч йоккхийла.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Что предвидел Александр Починок и о каких событиях предупреждал? Почему его многие называли Аль Пачино

Россия и КНДР обсудили возможность запуска прямых авиарейсов

Белоусов "пошёл на Казахстан" с неприятными «дружескими» вопросами — рассказываю

Полковнику ВСУ, приказавшему сбить русский самолет, избрали меру пресечение

Музыкальные новости

Московский аэропорт Домодедово и Всероссийское общество инвалидов заключили соглашение о сотрудничестве

Сергей Собянин: Активно укрепляем отношения с Китаем

Сергей Собянин. Главное за день

В Пензе стартовали соревнования по по мотокроссу на Кубок главы города

Новости России

Путин летит к Ким Чен Ыну. Россия и Северная Корея станут стратегическими партнёрами

В Казани зафиксировано шесть случаев подозрения на ботулизм

Белоусов "пошёл на Казахстан" с неприятными «дружескими» вопросами — рассказываю

Россия и КНДР обсудили возможность запуска прямых авиарейсов

Экология в России и мире

Звезды оперной сцены представят I Международный фестиваль «Мир классического романса»!

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду

Modest fashion day 2024

Социальные и ESG-проекты ГПМ Радио названы лучшими в России

Спорт в России и мире

Саснович победила на старте квалификации турнира WTA-500 в Берлине

Самсонова поддержала Андрееску после победы над ней в финале турнира в Хертогенбосхе

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024

Овечкин, Яковлев, Фридзон и Мыскина сыграли в падел-теннис в Турции: «Победила дружба»

Moscow.media

Прогулка по Москве 1962 года

В Коми ввели штрафы за «склонение к абортам»

Bluetooth-сканер штрих-кодов SAOTRON P04 на базе CMOS-матрицы

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *