Дагестанера пхи гIаттамхо лаца кхайкхийна нохчийн полицино
"Махкарчу ницкъахошна тIедиллина, полисхошна тIелетарш дан Iалашонца арабевлла Гаджалиев Ханарслан а, Джанарслан а, Гаджимурадов Эльбрус а, Устарханов ИбрехIим а, Хасанханов Рашидхан а лаца аьлла. Зуламхошкахь герз а ду, Нохчийчоьнан лоьмаршца йолчу жимачу машенахь дIасалелаш а бу уьш", - дийцина агенталле чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало.
Цо бахарехь, кегийрхой Нохчийчу дехьабовла гIерташ хила тарло, я хIинцале а шайн Iалашоне кхаьчна хила а мега.
"Зуламхойх информаци яржийна полицин массо а дакъошкахь. Административан дозанашкахь само латтае, къаьсттина Нохчийчу воьдучу Герзелан постехь", - аьлла, билгалдаьккхина урхаллан белхахочо.
Хьалхо Маршо Радионо яздира, ГIалгIайчуьрчу Сунжа-кIоштахь Бютюкаев Асланан тобанхой лаца дагахь, кхаарин дийнахь оперативан барамаш болийна хиларх. Iедалхоша кхайкхам бира меттигерчу бахархошка, операци ерззалц хьаннашкахь лела мегар дац аьлла.