Къилбаседа Кавказан курорташ аьхкенан юьххьехь схьайоьллур ю
![Къилбаседа Кавказан курорташ аьхкенан юьххьехь схьайоьллур ю](https://gdb.rferl.org/D437141E-796B-4431-B9D1-F9731A0E5F38_w800_h450.jpg)
Туристикан кластер схьаелла Iалашо ю "Къилбаседа Кавказан курорташ" компанин. "Архыз", "Ведучи", "Эльбрус" курорташ хIинцале а кечамаш беш ю аьхкенан сезонна. ТАСС агенталле компанин пресс-гIуллаккхоша дийцарехь, сезон индивидуалан туризмана лерина хир ю.
"Цкъачунна туристаш тIеоьцуш "Архыз" а, "Ведучи" а, "Эльбрус" а йоцушшехь, "Къилбаседа Кавказан курорташ" компани жигара хьийза, аьхкенна а, тIедогIучу Iаьнна а кечамаш беш. Аьхке йолалучу муьрехь схьаелла там бу курорташ", - аьлла ду хаам тIехь.
Иштта билгалдоккху, пандемица лаьтта ситуацина тIехула, садаIар курорташкахь индивидуале хила тарло бохуш а.
"2020-чу шеран аьхкенан сезон индивидуале туризмана хьажийна хир ю. дуккха а нах вовшахтухуш, хIиттон массо а барамаш Мангалан а, Товбецан а беттанашкахь совцийна хиларна",- аьлла компанин зорбанчаша.
Карладоккху, Зазадаоккху-беттан 28-чохь дуьйна, коронавирусан эпидеми яржарца доьзна, Къилбаседа Кавказан курорташ ханна болх бечуьра совцийна ю.