Харц кехаташ а кечдина, ахча лачкъорна бехкево ГIалгIайчуьра юьртда
ГIалгIайчуьрчу Сунжа-кIоштан Мужечен юьртдас финансийн тардеш документаш а кечдина, бюджетан ахча лачкъийна хилла. ГIуллакх кхин дIа листа кхеле хьажийна аьлла, хаамбина прокуратурано, яздо "Кавказский узел" агенталло. Хьаькаман бехк тIечIагIбина прокуратурано.
Талламчийн версица, 55 шо долчу Мужечен администрацин хьаькамо 2016-чу шеран Чиллан-баттахь харц сацам а бина, меттигерчу кIоштан Iедалхошка тарнсформатор эца аьлла, 450 эзар сом бюджете даккхийтина хилла.
Ма-дарра аьлча, юьртан кхеташонехь дийцарш дIадаьхьна а ца хилла, хаамбо ГIалгIайчоьнан прокуратуран сайта тIехь. ТIаьхьо оцу эвлахь белхаш бечу компанино трансформатор эца а эцна, дIахIоттийна хиллера оцу ахчанах. Ткъа шаьш кхочушбинчу белхийн барам лакха а баьккхина, ахча къайладаьккхина хилла.
Компанин директор кхалхарца доьзна, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх ца диллинера.Талламан материалаш Сунжан-кIоштан кхеле листа дIахьажийна, ткъа юьртда бехкеозийна Зуламан Кодексан 292-чу артиклехь.