Къилбаседа Кавказехь COVID-19: велла 3, ун даьлла 504 стагана
ТIаьххьарчу хаамашца Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекцех кхелхина кхо дархо, ун къаьстина кхин а 504 стагаца, яздо "Кавказ.Реалиис". Оперативан штабан информацица, Къилба ХIирийчохь велла шиъ, Кхарачойн Чергазийчохь цхьаъ.
Эпидеми яьржичхьана, COVID-19 вирусах Къилбаседа Кавказехь верриг а кхелхинарг 155 ву.
Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Краснодаран кIоштахь - 92:
Краснодаран кIоштахь +92 (2510 ву эпидеми юкъаяьлчхьана)
Дагестанехь +88 (3280)
Къилба ХIирийчохь+73 (2016)
ГIебарта-Балкхаройчохь+71 (1690)
Ставрополан махкахь+59 (1367)
Адыгейхь +40 (347)
ГIалгIайчохь +36 (1443)
Нохчийчохь +27 (918)
Кхарачойн Чергазийчохь+18 (632)
Йоллу Оьрсийчохь, тIаьххьарчу зерашца, 272 043 стаг билгалваьлла коронавирусан инфекцица.