Къилбаседа Кавказехь COVID-19: Велла 3 дархо, ун даьлла 559 стагана
![Къилбаседа Кавказехь COVID-19: Велла 3 дархо, ун даьлла 559 стагана](https://gdb.rferl.org/2EECB201-9EDB-4214-A9B4-BBAEC384B779_cx0_cy3_cw0_w800_h450.jpg)
ТIаьххьарчу хаамашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекцех кхелхина кхо дархо, ун къаьстина кхин а 559 стагаца, яздо "Кавказ.Реалиис".
Оперативан штабан информацица, Дагестанехь велла шиъ, Краснодаран кIоштахь - цхьаъ. Эпидеми яьржичхьана, COVID-19 вирусах Къилбаседа Кавказехь верриг а кхелхинарг ву 158 стаг.
Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан кIоштахь – 98:
Ставрополан кIоштахь +98 (1465 ву эпидеми юкъаяьлчхьана)
Краснодаран махкахь +95 (2605)
Дагестанехь +91 (3371)
Къилба ХIирийчохь +74 (2090)
ГIебарта Балкхаройчохь+69 (1759)
Адыгейхь +51 (398)
ГIалгIайчохь +37 (1480)
Нохчийчохь +25 (943)
Кхарачойн Чергазийчохь+19 (651)
Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус яьржина 14762 бахархошлахь. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь бу уьш 281 752.