Оьрсийчохь коронавирус: тIаьххьарчу 24 сахьтехь 10 эзаре кхочуш а дац ун даьллачийн терахь
Коронавирусан ун дьллачийн а, беллачийн а кIиран дийнахь керла статистика Iораяьккхина Оьрсийчоьнан Iедалша. ШолгIа де а, буьйса а ду, официалан зерашца, 10 эзарал лакха ца долу керла ун даьллачу нехан терахь. ТIаьххьарчу информацица, 9709 ву вирус кхетта, царех 3855 Москвахь ву. Официалан дIахьедарца, йоллу Оьрсийчохь тIаьхьарчу 24 сахьтехь 94 дархо кхелхина. Верриг а COVID-19 вирус кхетта ву 281 эзарал а сов стаг (дуьненчохь а 2-гIа меттиг бу). Кхелхина 2631 пациент, дарба хилла 67 эзар тIех стагана.
Зазадоккху-бутт бовш карантинан раж юкъаяьккхира Оьрсийчохь, эпидеми ца яржийта. Карарчу беттан 11-чохь пачхьалкхан президенто Путин Владимира дIахьедира, эпидемиологин хьоле хьаьжжина, жим-жима лагIъян еза изоляцин раж аьлла.
Москвахь карарчу хенахь а бахархошна дихкина ду дIасалелар а, чуьра арабийлар а. Делахь а, белхан болийна гIишлошъярхоша а, индустрин а белхахоша а. Москван Iедалан векалша бахарехь, карантина раж малъян йолор ю тIедогIу кIира чекхдоллуш.