Уьнах 7 стан велла, кхин а 503 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь
ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах 7 стаг велла, керла 503 вахархо цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь.
Коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабан терахьаша бахарехь, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а кхоккха вахархо кхелхина, Нохчийчохь – цхьаъ. Официалехь верриг а пандемих регионехь велларг ву 169 стаг.
Ун кхетта нах уггаре дукха IаьIна дийнахь-буса Дагестанехь а, Краснодар-махкахь а.
Терахьаш иштта ду:
Дагестан – хьалха дуьйна цомгуш болучарна тIекхетта 93 стаг (юьхьанца дуьйна схьа ву 3 553)
Краснодар-мохк +93 (2 792)
Къилбаседа Х1ирийчоь +77 (2 242)
Ставропол-мохк +70 (1 600)
ГIебарта-Балкхаройчоь +62 (1 886)
ГIалгIайчоь +46 (1 561)
Адыгей +31 (461)
Нохчийчоь - керла 20 (юьхьанца дуьйна - 986)
Кхарачой-Чергазийчоь +11 (677)
COVID-19 уьно верриг а лаьцнарг ву Къилбаседа Кавказехь 15 758 стаг. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь, официалан хаамашца, уьно лаьцна 299 941 стаг.