Стаг велча вовшашка Zoom программехула кадамаш бо бусалбанаша
Америкехь пандеми яьржинчу хенахь, гергарнаш кхалхаран бала лайна ца Iаш, бусалба нах дог Iийжаш бу белларш дино ма боху дIаберзо шайн аьтто ца хиларна. Цхьайолчу штаташкахь Zoom программах пайда а оьцуш дIахьо цара вовшашка кадамаш бар.