Белхазалла лакхара ю Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а
![Белхазалла лакхара ю Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а](https://gdb.rferl.org/FF521F9D-5C1C-46B3-B8FD-05EF4467C828_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан къинхьегаман министро Котяков Антона дIахьедина, пачхьалкхан регионашкара белхазаллин хьал зийча, къаьсттина тиша хьал го Тувахь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а аьлла. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам.
Министро дийцарехь, оцу регионашкахь белхазалла хьакхаелла 9-11% бахархойх. Официалан зерашца, Оьрсийчохь, белхан къоьлла ю аьлла, чоьте эцна 1, 9 миллион стаг.
Билггал аьлча, балха ваха аьтто боцуш хила тарло Оьрсийчохь 5 миллион гергга болхбалу хан йолу нах.