Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2020

Новости за 28.05.2020

Radiomarsho.com 

Кадыровн кема Соьлж-ГIалара Москва дахана юха а

Тахана суьйранна 18:39 минот яьллачу заманчохь Соьлж-ГIалара Москва дахана бортан лоьмар VQ-BVQ йолу Airbus A319 кема. Гуттар а цу кеман чохь дIасалела Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, яздо "Кавказ.Реалиино". 21:01 минот яьллачу хенахь "Внуково" аэропортехь охьадоьссина и кема. Изза кема кху деношкахь шозза дIасадахара: Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь Соьлж-ГIалара Москва, ткъа 25-чохь - юхадирзира. Цу деношкахь хаамийн гIирсашкахь дийца даьккхира, коронавирусан шеконашца Кадыров Москва вигна, бохуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Эпидемин пик, Кадыровгара хьал, Европерчу нохчех, Нохчийчуьра къоьлла

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, керлачу коронавирусан ун уггар а лакхарчу тIегIане гIоьртина, кестта лазарш лахдала тарло; иштта Кадыровс дIахьедина, ша могуш а ву, кхечеран санна, цомгуш хила а, дарба лело а бакъо а ю шен аьлла; ткъа шен бехкана къера хиллачу муьлххачу а Европерчу нохочунна гечдан кийча ву иза, амма Ичкерин идейш кхочуш хир яц, аьлла цо; къинхьегаман министро даредо, Нохчийчохь белхан къоьлла латтар

Radiomarsho.com 

СемаIашкарчу зударшна бехкбиллина Кадыровс

Марха достучу, Стигалкъекъа-беттан 24-чу дийнахь, СемаIашкахь хиллачух шен гIоьнчас хаьттича, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, "бакъонашларъярхошца боьзна хила тарло и зударий, царна хьехна хир ду цара гIовгIа эккхийта аьлла". "Кавказ.Реалиино" дуьйцу цунах лаьцна шен агIонехь. Хьалхо даржийра портало, Марханаш достучу дийнахь Нохчийчохь дуккха а нах лецарх, полисхоша царна тIе куьйгаш дахьарх а лаьцна. WhatsApp-ан мессенджерехула цхьа могIа бахархоша, зударша а цхьаьна, хаам бора... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а белхаш болийна Москварчу лоьраша

Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дарбан хIусамашкахь коронавирусан инфекцица болчу нахана дарба дан буьйлабелла еарин дийнахь дуьйна Москвара баьхкина лоьраш. "Кавказ.Реалии" портало яздо цунах лаьцна. Москван мэран Собянин Сергейн тIедилларца, де хьалха суьйранна лерина кема деана уьш балош. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дехар динера мэре, къаьсттина гIо оьшучу регионашка медицинан белхахой хьовсабе аьлла. Ялх стагах лаьтта медикийн тоба кхаьчна БуьритIе, шен коьртехь Ворохобовн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Америкехь коронавирусах беллачийн терахь 100 эзарел тIех ду

COVID-19 вирусах Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь 100 эзар сов ву велларг. ХIопкинс Джонан Университетан зерашца, Стигалкъекъа-беттан 27-чохь штаташкахь верриг а кхелхинарг 100 047  стаг ву, ткъа 1,7 гергга миллион вахархо ву пачхьалкхехь коронавирусан ун даьлла. Американ Цхьаьанатоьхна Штаташ хьалхарчу меттигехь ю инфекци яьржина нах дукха хиларца. Пачхьалкхехь хIора цомгаш хиллачу 100 эзар вахархочух 30 гергга ву лийриг. Баларш дукха хиларца Америкаел а билгалъяьлла ю Белги а, Испани а, Британи а, Франци а, Итали а, Швеци а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Сан куьйгаш, буха даха санна, сеттадора"

ГIебарта-Балкхаройчуьра адвокаташ бехктакхаман гIуллакх айдаре хьоьжу шайна тIехь ницкъ бинчу полисхошна дуьхьал, ткъа вукхара юристаш-мехкарий шаьш летта шайна тIе, боху. Стигалкъекъа-беттан 20-чу - 21-чу буса иккхина инцидент. Адвоката Жилоков Ратмира "Кавказ.Реалиига" иштта дийцира хилларг. Дихкина долу компьютеран ловзарш латтодо наханна шен доларчу гIишло чохь, аьлла, полици еана цхьана зудчунна, ткъа вукхо дехна Жилоковга, иза адвокат хиларе терра, шений, полисхошний юкъаволар. "Карахь цIийнах хьажа бакъо а йоцуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчашна тIехIоьттина дуьненаюкъараллан комитет

Оьрсийчохь, тIемалой бу аьлла, яккхий хенаш йиттира Тайсумов Ризванна, Темирбулатов Салманна, Барахаев Хьамидна, Юсупов Аьрзуна, Яшуев Тамерланна, Аларханов Мохьмадна. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула йолчу комитето Оьрсийчоьнан Iедал бехке лору царна ницкъ барна, таллам, кхел низамехь цаярна, уьш харцонца лецна латторна.

Radiomarsho.com 

Муха дIабухку Казахстанехь коронавирусах белларш

Коронавирусах белларш дIабухкуш леррина кешнаш ду Казахстанехь. Алматан 50 чакхарма дехьа ду уьш. Жимо киралелочу машенахь дIакхоьхьу цига декъий. Велларг дIаволлар сиха хуьлу. Ларбаларан духарца болчу наха дакъа чохь долу яьшка кошан чу юьллу, тIаккха цунна, тIе хлорка а тосий, тIехьокху латта.

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ: 32 дархо кхелхина, ун даьлла 552 стагана

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусан уьнах кхелхина 32 стаг, цомгаш хилла кхин а - 552. Оперативан штабан хаамашца, Дагестанехь велла 21 дархо, Къилбаседа ХIирийчохь - пхиъ, ГIалгIайчохь - кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь -шиъ, Ставрополан махкахь - цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус яьржичхьана велла 346 пациент. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьсттина дукха бу ун даьлларш Дагестанехь –124. Дагестанехь +124 (4 579 ву верриг а эпидеми яьржичхьана) ГIебарта-Балкхаройчохь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шен воI верна шеконашца лаьцна Дагестанехь да

Дагестанерчу Ахтынскан кIоштан вахархочух шеко кхоллаелла, цо шен кIант вийна хила мега аьлла, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Талламхойн версица, цIеххьана иккхинчу девнехь дас таллархойн топ тоьхна шен кIантана. Чевнаш йина воI тIаьхьо кхелхина дарбан хIусамехь. Дагестанерчу Талламан комитетан векало дийцарехь, дас бехк тIе ца буьту. Конфликт эккхаран бахьана дара, боху цо, кIант шега ладугIуш цахилар. "Дас дийцарехь, кIентан вон амал хилла, дас-нанас бохург тергал деш а ца хилла, харцхьара хIуманаш довлуьтуш хилла шегара. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь товелла COVID-19 вирус кхетта 150 эзар вахархо

Коронавирусан ун кхетта 150 эзар сов Оьрсийчуьра стаг товелла, яздо "Кавказ.Реалии" портало. COVID-19 вирусца къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабо бина иштта хаам. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь 8 371 дархо къаьстина инфекцица. Цхьана дийнахь велла 174 пациент. Эпидеми юкъаяьлчхьана Оьрчийчохь цомгаш хиллера 370 эзар сов вахархо. Кхелхина 1 142 пациент. Зазадокху-бутт юккъе баьлчхьана, инфекци яржарна кхоьруш, пачхьалкхехь карантинан дехкарш дара юкъадаьхна. Белхан меттигаш а, школаш а дIакъевлира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Европерчу нохчашна гечдийр ду Кадыровс, шаьш бехке хиларна уьш къера хилахь

Шен бехкана къера хиллачу муьлххачу а стагана гечдан кийча ву ша, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Инстаграмехь йоьдучу эфирехь дина цо иштта дIахьедар. Европерчу Ичкерин агIончех дерг аьлча, Кадыров тешна ву, "оцу масех, социалан пакет оьцучу стагана" шайна а хаьа, шайн идейш бух боцуш юйла. Иштта Кадыровс тIетоьхна, Европехь беха нохчий шена цхьа дакъа хеташ хилар нохчийн юкъараллан. Махкахойн дешарца а, белхаца болчу кхиамех ша дозалла а до, аьлла цо. Дагадоуьйту, Кадыровс а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Белхазалла лакхара ю Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а

Оьрсийчоьнан къинхьегаман министро Котяков Антона дIахьедина, пачхьалкхан регионашкара белхазаллин хьал зийча, къаьсттина тиша хьал го Тувахь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а аьлла. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам. Министро дийцарехь, оцу регионашкахь белхазалла хьакхаелла 9-11% бахархойх. Официалан зерашца, Оьрсийчохь, белхан къоьлла ю аьлла, чоьте эцна 1, 9 миллион стаг. Билггал аьлча, балха ваха аьтто боцуш хила тарло Оьрсийчохь 5 миллион гергга болхбалу хан йолу нах.

Radiomarsho.com 

Кадыров: "Со адам дац? Сан цомгаш хила а йиш яц?"

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедина, ша могуш а ву, Марха достучу дийнахь шен цIахь изоляцехь вара ша аьлла, яздо "Кавказ.Реалиис". Шен гIоьнчаца Дудаев Ахьмадца инстаграмехь йоьдучу эфирехь дина цо иштта дIахьедар. Марханаш дастале хьалха официалехь тIечIагIданза, дийца долийра хаамийн гIирсашкахь, Нохчийн Республикан куьйгалхо коронавирусан инфекцица Москварчу дарбан цIийне кхачийна аьлла. "Нагахь санна, со цомгаш хиллехь а, дуьненчохь миллионашкахь ма бу коронавирусан ун даьалла нах, иттаннашкахь эзарнаш белла, ткъа со адам дац? Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров: Нохчийчохь эпидемин пик гIаьттина

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хетарехь, керлачу коронавирусан ун уггар а лакхарчу тIегIане гIоьртина, яздо ТАСС агенталло. "Оперативан штабана а, министрийн кабинетна а тIедиллина ас, карантинан раж гIелъеш шолгIачу муьре дерза оьшу аьлла. Кху деношкахь шайн белхан план кховдор ю цара соьга. Тхуна хетарехь, пик гIаьттина, эпидеми лахлур ю аьлла, ладоьгIуш ду тхо. Жимма собаре хила деза адам", - аьлла Кадыровс. Иштта цо билгалдаьккхина, регионерчу массо а сферех пандеми хьакхаелла хилар а. Читать дальше...


В московском районе Бирюлево Западное произошла массовая драка со стрельбой

В Москве после драки в Бирюлево возбуждено уголовное дело

Актовый зал в мытищинской школе № 6 обновят этим летом

Научно-практическая конференция для школьников прошла в Воскресенске



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В московском районе Бирюлево Западное произошла массовая драка со стрельбой

Путин наносит ответный удар: В Китае рассказали, как Россия проучила Запад

В Дмитровском округе котельная СПА-комплекса готова на 85%

Руденко заявил, что не менее пяти государств намерены стать партнерами ШОС по диалогу

Музыкальные новости

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает В.В. Путину улучшить либо отменить налоги в обществе.

Россия, Культура, Театр и Дети - о ПДД детям показали артисты постановку в театре кукол Ульгэр в Бурятии

Появился трейлер исторического детектива «Плевако» с Сергеем Безруковым в роли легендарного российского адвоката

Новости России

Политика: Эксперты оценили пользу России от вхождения Монголии в ШОС

Сдать нормативы ГТО и приютить котенка. В мэрии рассказали, что можно будет сделать на фестивале «Лето в Москве»

Москвичка нашла в своём унитазе удава

Муфтий Москвы назвал возможные последствия запрета никаба в России

Экология в России и мире

Как поделиться местоположением в WhatsApp: пошаговое руководство

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

Мистический Тибет: путеводитель по местам силы от Кажетты Ахметжановой

Более 500 человек посетили «Ночь музеев» в Ставропольской краевой психиатрической больнице №1

Спорт в России и мире

Немец Зверев выбил россиянина Медведева из топ-4 ATP

Экс‑теннисистка Джорджи обвиняется в краже мебели и ковров на €100 тысяч — СМИ

Потапова проиграла на старте турнира WTA-500 в Страсбурге

Теннисиста Медведева выбили из топ-4 ATP

Moscow.media

Bluetooth-сканер штрих-кодов SAOTRON P04 на базе CMOS-матрицы

Работники АО "ДиМ" приняли участие во всероссийском полумарафоне

Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1

На западном объезде Южно-Сахалинска забивают сваи моста через реку Владимировка







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *