34 миллион соьмана ток лачкъийна дагестанхочо майнкрафт-ферма лелош
![34 миллион соьмана ток лачкъийна дагестанхочо майнкрафт-ферма лелош](https://gdb.rferl.org/EC81E99B-0FAD-43D6-B467-B855EE80026A_w800_h450.jpg)
ХIинжа-ГIалин йистехь майнинг-ферма (интернетехула лела криптовалюта доккху компьютерийн система) Iораяьккхина полицино. Электроток йиина фермано 34 миллион соьманна, боху Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалто.
Талламо бахарехь, бутт хьалха 30 шо долчу ХIинжа-ГIалин вахархочо Керла Хушетерчу гIишлошъечу базин декъа тIера мехах чоь схьаэцна лело. Цу чохь хIоттийна хилла криптовалюта даккха майнинг-ферма.
"Зуламхочо ферма латторхьама ша лаьцначу меттигна тIеялийна базина уллехула чекхйолу ток, цунах тесна компьютерийн ситема", - боху хаамехь.
Полисхошна компьютераш йоцуш, интернет-валюта доккху 518 гIирс а карийна зераш деш.