Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах велла 6, ун даьлла 569 стагана
ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 6 дархо, кхин а 568 стагана ун даьлла.
Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабо дийцарехь, Краснодаран кIоштахь велла ши пациент, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а, Ставрополан махкахь а цхьацца кхелхина.
Ун даьржичхьана Къилбаседа Кавказехь кхелхина COVID-19 вирус кхетта 594 стаг.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, къаьсттина дукха бу ун даьржина нах Дагестанехь – 107:
Дагестанехь + 107 (6 077 ву эпидемии юкъаяьлчхьана)
Краснодаран кIошт + 89 (4 574)
Ставрополан махкахь + 86 (3 253)
ГIебарта Балкхаройчохь + 75 (3 499)
Кхарачой-Чергазийчохь + 75 (1 729)
Адыгейхь + 46 (1 115)
Къилбаседа ХIирийчохь + 40 (3 364)
ГIалгIайчохь + 31 (2 399)
Нохчийчохь + 19 (1 384)
Верриг а Къилбаседа Кавказехь чоьте эцна ву коронавирусан инфекцица 27 394 стаг. Оперативан штабо дIахьедарца, Оьрсийчохь вовшахкхетта уьш - 485 253.