Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчоьнан аэропорт – ца ваьлла бен некъ

 



Луларчу мехкашкара гIуьтту кеманаш гIолехьа стенна хета Нохчийчуьрчу бахархошна?

 


Соьлж-ГIалара аэропорт шоръян сацамбина Iедало. Мехкан премьер-министра Хучиев Муслима дийцарехь, мах бу оцу белхан 15,5 миллиард сом.


"Лакхара хир ю керлачу аэровокзалан таронаш, шарахь цигахула чекхвалалур ву 1,5 миллион пассажир", - хаам бина Хучиевс Мангал-беттан 3-чу дийнахь.




Балханна бух кечбина бер бу шо гергга хан яьлча, ткъа ша реконструкци яхлур ю 2024-чу шарралц.


Проекте инвестицеш яхка лаам къадийна массех дуьненаюкъарчу фондо, шайлахь, масала, Iаьрбийн Эмираташкара совдегарш а болуш.


Амма массо а бац аэропортан хьокъехь Нохчийчуьрчу Iедалхошка кхаьчна хазахетар кхетош. REGNUM-ца къамел хиллачу эксперташа билгалдоккху мехкан экономика ледара хилар а, оцу бахьаница дуккха а шераш девлча бен пассажирийн дукхалла 1,5 миллион стаге хьалакхачайойла дацар а.


ХIинжа-ГIаларчу "Уйташ" аэропортан терахьашка кхачо а атта хир дац Соьлж-ГIалара аэропорт, ткъа Минводы гIаларчу аэропортал эвсара иза цкъа а хир яц, тешна бу эксперташ.


Нохчийчоь – пассажираш ца кхочу 100 эзарне а, ГIалгIайчохь - 333 эзар

 


2019-чу шарахь Нохчийчохь хилла 100 эзар турист. Царех Оьрсийчоьнал арахьара ца веана 2400 стаг бен а. Ткъа махке хьовса кхаьчначу наханна атта хилла, беза мах а луш, Соьлж-ГIала кеманахь богIучул, кхечу траспортаца бахка.


Дустар: ГIебарта-Балкхаройчуьрчу аэропорто дIасавигина 2019-чу шарахь 120 000 гергга пассажир (махкарчу бахархойн терахь – 870 000 гергга).


Уггаре «къона» аэропорт ю регионехь ГIалгIайчуьра «Магас». Ах миллионал совъоьккхуш бу мехкан бахархой, ткъа аэропортах пайдаэцна стохка 333 эзар стаго, царалахь уггаре дукха нохчий а болуш.


700 000 герга стаг вехачу хIирийн мехкан БуьритIерачу аэропортехула дIасавахана оццу шарахь 565 581 пассажир.




ХIинжа-ГIаларчу аэропортехула 2019-чу шарахь чекхваьлла 1,5 миллион пассажир (Дагестанехь веха 3 миллион гергга стаг).


Кхин а дукха ду стохкалерчу пассажирийн терахь Минеральные Воды аэропортан – 2,5 миллион.


Доцца аьлча, уггаре ледара ю Къилбаседа Кавказехь пассажирийн дукхаллица Соьлж-ГIалара аэропорт. Ала тарло, хилла тIемаш бу бехке. Амма иза нийса ца хуьлу – регионехь массанхьачул а дукха федералан ахча лела меттиг ю тахана и гIала.


Стенна а делахь, "Къилбаседанера" олучу Нохчийчуьрчу аэропортера (яц махкахь "Къилбанера" аэропорт) гIоттуш дац дийнахь 4-5 кема бен.


Рекламехула йийцина Мюнхене доьдучу кеман рейс шо ду юкъахъяьлла. Иштта сецна рекламехула хазъеш хилла "Петербург - Соьлж-ГIала" рейс а. ХIинжа-ГIалара лела Петербурге кема. Сецна Сочи доьдург а. 2017-чу шарахь бехира Казане лелаш кема хир ду – амма яц и рейс а. Бакъду, Бишкеке лела кема долуш ду таханенна.


Соьлж-ГIалара ца хеддаш лела рейсаш Стамбуле а, Москва а. Уьш ю цкъачунна Нохчийчуьра а, цига а дукха нах дIасалелош йолу рейсаш.


"14 шо ду Соьлж-ГIаларчу аэропортан болх, тIом чекх а баьлла, меттахIоьттина. Амма дац цигахь пассажирашна могIара хьелаш а, ур-атталла багаж дIалуш йолу транспортер а яц вокзала чохь. Цундела вехха латта веза хьайн чамда схьакхачаре хьоьжуш", - элира "Кавказ.Реалиига" кест-кеста Соьлж-ГIаларчу аэропортехула Москва лелачу бизнесхочо Бахаев Ризвана.




Цо дийцарехь, терминалера кеманна тIекхача 200-250 метр бен йоццушехь, автобусца вуьгу цунна тIе. Ткъа дукха хьежа дезаш хуьлу оцу автобусе, аьхкенан бурконехь къаьсттина хала хуьлу и кеп, дийцира Соьлж-ГIаларчу аэропортера хьелаш девзачу Нохчийчоьнан бахархоша "Кавказ.Реалиига". Цундела лела вуно дукха нохчий Магасерчу я БуьритIерчу кеманашца дIаса – "Некъ бораха бу, комфорт алссам ю".

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *