Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шо ду "гIалгIайн оппозицин гулам" девнехь луьсту

 




Политикийн вовшашка йолу гамонаш а, цара лов халонаш а

Деношкахь Железноводск гIалин кхело набахтехь такха 1 шо 7 бутт хан кхайкхийна Магасехь стохка хиллачу гуламехь къепе йохорна Оздоев Ризванна. Амма иза, шарахь изоляторехь кхаьбна хилар юьхьар а эцна, цIавахийтина кхело.


Адвоката Атабиев Кязима хаийтира "Кавказ.Реалиига" Оздоев ша Росгвардин белхахочунна тIе гIант кхоьссина хиларх къера хиллийла, амма цо ша бехке цалорийла.


"Талламехь йолчу видео чохь гуш ду гIант ницкъхочунна тIекхетта доцийла, шена гергга доьжна и гIант цо, схьа а оьций, меллаша юьстах дуьллу. "Пронин" ю ницкъхочунна Iедало тиллина псевдоним – цо и гIант тIекхийтира шена, шен ког а, куьг а лазийра, боху. Политика бахьанехь иккхина гамо ю гуламехь лелларг, аьлла кхелехь "Пронина". Со вистхилира кхелахошка, зен хиллачо шена хетарг дуьйцу, иза низамехь дац, аьлла. Оздоев ГIалгIайчоьнан коьртехь Iийначу Евкуровн Iедалехь болх бина ву, цуьнан хуьлийла дац "Пронине" гамо ", – элира адвоката Атабиевс.




"Мемориало" хоуьйту ГIалгIайчуьрчу гуламца доьзна лаьцнарг 44 стаг хилар (царех кхаанан дов дIакъевлира). Жоьпе ийзийначех 23 стаг кхелаша бехкевина, цара Iедалан белхахойн могашаллина зенаш дарна шайн сацамашкахь кхайкхийна 4 баттера 1 шо 11 батте кхаччалц хенаш.


Билгалдоккху "Мемориало" 2019 шо доьрзуш а, карара шо долалуш а кхайкхийначу кхелийн сацамашкхахь гуламан лидерша, шайна Евкуров цавезарна, нах айбира, аьлла далийра бахьана, бохуш. Ткъа хIинца тIеоьцучу сацамашкахь и мотив яц хьахош, боху бакъоларъярхойн центро.


15 сацам Старопол-мехкан кхеле белла царна резабоцчу гIалгIаша. Амма дукха хьолехь и сацамаш кхин а луьрачу хьоле берзийна оцу кхело.


"Наха Iедале а ца хоттуш, БуьритIехь Охан-беттан 20-чохь хIоттийначу гуламо беллачух тера ду Ставрополерчу кхелахошна шайн сацамаш шагбан некъ. Iедале шайна социалан гарантеш ло, доьзалшкахь рицкъ дац шайн, бохура цигарчу гуламхоша. Протесташ яржарх кхоьру Iедал, цундела хоуьйту халкъанна ша къиза таIзар дийр дуйла, кхелашна а дожадо тIе резабоцучаьрца шога хила", - боху "мемориалхоша".


"Фортанга" телеграмм-каналехула Магасера гулам гойтуш хьийзина администратор Майсигов Рашид, сепаратизме кхойкхуш лелла аьлла, экстремистийн могIаршка язвина Росфинмониторинго. Стохка аьхка иза лецира, цуьнга наркотикаш карийна аьлла. Цуьнан адвоката Аушев Мохьмада элира "Кавказ.Реалиига", етташ, тIехь гIело а еш, даредайтина Майсиговга.


Аушевс дийцарехь, кхелехь ду наркотикех долу дов. Массех ладегIарш дIадаьхьина коронавирус яржалц йолчу хенахь. Майсиговс хаийтина кхелахошна дареш шегара ницкъаша даьхна хилар.




"Сепаратизмах дерг аьлча, цо шен инстаграм-агIонтIехь, ГIалгIайчоь Оьрсийчоьнах дIа а хаьдда, Гуьржийчоьнах дIакхета еза аьлла арахецна йоза ду дуьйцург. Пачхьалкхан цхьаалла йохоре кхайкхарна бехке во иза. Пхеа шаре кхаччалц ю цунна туху хан. Росфинмониторинган тептара язвина иза, экстремизманна а, тероризманна а дуьхьалоечу низамца а доьзна. Банкера бух а дIакъовлу оцу тептара язвинчун. Харцо ю Майсиговца лелориг. Кхело гойтур ду бехке ву иза я вац", – элира Аушевс.


Стохка, Зазадоккху-беттан 27-чу дийнахь хилира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанаш къастош хIоттийначу бертан документана резабоцучийн гулам Магасехь. Иза дIасалоллучу муьрехь Iедалхошна дуьхьалоярна лийцира гIалгIайн жигархой.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *