Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а 7 113 стагана COVID-19 ун даьлла
![Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а 7 113 стагана COVID-19 ун даьлла](https://gdb.rferl.org/18E22EB8-0E45-42FD-B55C-EA314AAE7D41_w800_h450.jpg)
ТIаьххьарчу буса Оьрсийчохь коронавирусан инфекци хьакхаелла хиларца 82 регионера 7 113 стаг гучуваьлла, хаамбина оперативан штабо. "Свобода" Радионо яздо цунах лаьцна. 614 эзар гергга ву ун даьлларг верриг а. COVID-19 вирусах кхелхина яхначу буса 92 пациент. Де хьалха 154 вара уьш. Оьрсийчу коронавирусан пандеми кхаьчхьана 8 605 ву велларг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь дарба хилла 6 342 пациентана, ткъа йоллу хеначохь товелира 375 164 стаг.
Роспотребнадзоран зерашца, лоьрийн тергонехь вуьссу 307 эзар вахархо. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а 311 эзар коронавирусан тест йина. Эпидеми яьржичхьана бира 18 миллион таллам.
Къаьсттина дукха бу ун даьллан нах Москвахь – 885. Де хьлаха 811 вара уьш.
Дахначу шинарин дийнахь дуьйна Москвахь болх бан юьйлаелла ресторанаш а, кафеш а, фитнес-клубаш а, бассейнаш а. Библиотекийн а, берийн бошамшкахь а тоьхна дозанаш а малдеш ду.
Бакъо елла берийн майданех а, урамашкарчу гIантех а пайдаэца а. Турагенталлийн болх а болош бу, Москва олучу хи тIехула лелар а дIадолийна.