Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Юккъерчу Азехь коронавирус марсаяьлла: Iедало юха а дозанаш детта

Юккъерчу Азехь коронавирус марсаяьлла: Iедало юха а дозанаш детта

Индустри юха болхбан а йолаелла, карантин малйина а масех кIира даьллачул тIаьхьа юха а Юккъерчу Азехь цIеххьашха  ун даьржина бахархошлахь. Коронавирус марсаяларна Iедалхой декхаре хилла юха а дозанаш детта. Бакъду, коронавирусан кхерам латтар массо а Iедалхоша тIе ца лоцу, яздо "Азаттык" Радионо.

Юккъерчу Азин пачхьалкхийн экамечу экономикана зен а деш, ехха лаьттинчу карантинера бевлла масех кIира даьллачул тIаьхьа, юха коронавирусан инфекци марсаяьлла. Цо декхаре бина урхалхой юха а изоляцин дозанаш юкъадало. Оцу бахьанашца дIакъовлур ю белхан меттигаш, юха а белхазалла лан дезар ду бахархойн.

Дуккха а белхаш хир бу пандеми йоьдучу заманчохь медицинан белхахойн а, кешнаш дохучийн а.

- Хьалха цхьана беттачохь пхи стаг гергга дIавуллура оха. Ткъа тIаьххьарчу шина-кхаа дийнахь ялх-ворхI стаг вуллу, - дийцина "Азаттык" казахийн сервисе Казахстанан Актобана гергарчу кешнийн белхахочо Отебаев Турганбека.

Узбекистанерчу Бухарахь Iедалхоша тIедиллина юкъарчу транспортан дIасалеларна дозанаш тохар, иштта, кхаарин дийнахь дуьйна цхьайолу базараш дIакъовлар а дехна, "бахархошна юкъахь ун даьлларш алсамбовларна", яздо пачхьалкхийн хаамийн гIирсаша.

Узбекистанехь коронавирусаца къийсам латточу леринчу комиссино хаамбина байначу беттан 30-чохь, йохкаран центраш а, пачхьалкхера массо а базараш а мукъаденошкахь дIакъовлур ю, шуьйра санитаран-дезинфекцин белхаш бан аьлла.

Юккъерчу Азехь уггар а дукха нах бехачу Узбекистанехь, 32 миллион вахархо ву цигахь, тIаьххьарчу заманчохь 230 стагаца коронавирусан инфекци къаьстина. Бакъду, билггал ун даьлла маса ву хууш дац, хIунда аьлча, тесташ цатоарна а, зераш лаххара Iорадохуш хиларца а. Оцу тIехула бехкаш дохку пачхьалкхан Iедална.

Кхаарин Iуьйранна Казахстанехь дIахьедира, беттан 5-чу дийнахь дуьйна шина кIиранна карантин кхайкхон дагахь ду шаьш аьлла.

ТIаьххьарчу кхаа кIиранчохь цIеххьашха COVID-19 вирус кхетта нах алсамбовларца керла дозанаш тухучу барамех дIахьедина цара. Президенто Токаев Касым-Жомарта хьаькамашна тIедожийна, Зазадокху-беттан 16-чу дийнера Стигалкъекъа-беттан 11-че кхаччалц пачхьалкхехь лелла  "шогачу карантинан кепехь барамаш" юкъабаха аьлла.

Таханалерачу дийнахь коронавирусан ун даьллачу нехан терахь 42 574-нне дистина Казахстанехь. Яхначу буса а, дийнахь а коронавирус гучуяьлла 1 509 вахархочуьнца аьлла, хаамбина пачхьалкхан coronavirus2020.kz ресурсо еарин дийнахь.

Иштта цомгашчийн терахь лакхадаьлла ГIиргIизойчохь а. Хала хенаш лайначу мехкан могашалла Iалашъяран системана Iаламат боккха Iаткъам бина хIоьттинчу кризисо.

ШолгIа тулгIе я хьалхарчун тIаьхье?

Министрийн кабинето яккхий йохкаран центраш а, кинотеатраш а, театраш а жим-жима йоьллуш, Мангал-беттан юкъехь схьаелла хьийзачу заманчохь Казахстанерчу официалан куьйгалхоша орца дохура, коронавирусан эпидеми кхин тIе а яржа йолаярна. Цундела Iедалхоша ца бевллачу денна кхин цкъа а дозанаш деттар чIагIдира.

Казахстанерчу яккхийчу гIаланашлахь шолгIа йолчу Алматахь байначу беттан 15-чу дийнахь дуьйна базарийн а, туьканийн а белхан сахьташ дацдина. Изза бехкамаш хьакхабелира Карагандинскан а, Туркестанан а, Малхбузен а, Къилбаседан а Казахстанан а кIошташкарчу ресторанийн а, сурсатийн туьканийн а, базарийн а белхах а.

Дуккхаъчу Казахстанан дарбан хIусамашкахь тоьаш бац маьнгаш, ткъа дукха кхоьхьу коронавирусан инфекцин симптомашца болу нах. Пачхьалкхехь Iаламат дукха бу пневмоница болу нах а, алсам хуьлу царлахь  баларш а. Ткъа хууш ма-хиллара, COVID-19 вирусо меттахйоккхуш ю пневмони.

Пневмони хилла ца Iа, коронавирусан тIаьхье ю? Регионашкахь алсамдаьлла ун даьллачийн терахь (Мангал-беттан 26-гIа де):

Могашалла Iалашъяран министро Цой Алексейс дIахьедира байначу беттан 30-чохь, тIаьххьарчу хенахь хIора денна пневмони йолу нах 2 500 хуьлу аьлла. ГIиргIизойчоьнан дарбан хIусамашка Iаламат дукха телефонаш етта Бишкекерчу бахархоша, пневмоних терачу симптомашна латкъамаш беш.

Иштта пневмони яьржина Таджикистанехь а цхьана.

Шеконе статистика

Юккъерчу Азехь билггал йолчу коронавирусан статистикех дерг хаа чолхе ду.  Критикаша емалбо Iедалхой, дукхахйолчу пачхьалкхашкахь  COVID-19 вирусаца болчу дархойх хаамаш кхачам боллуш бац бохуш.

Казахстан йоцург, йоллу регионехь диагностикан гойту терахьаш Iаламат лахара ду. Медицинан эксперташа а шеконашка эцна коронавирусна тесташ ечу гIирсан тешамалла.

Таджикистанан кIошташкарчу лоьраша боху, коронавирус толлучу тесташна шаьш тIекхочуьйтуш дац, цундела анализаш Душанбе дIаяхьийта еза шайн аьлла.

Таджикийн "Озоди" Радиога шина дарбан цIийнан коьртачу лоьраша хаамбина, тесташ цахиларна, нах баларх хIотточу документа тIехь, массеран а  COVID-19 вирусан симтомаш йоллушехь, бахьана- пневмони яздо шаьш аьлла.

Байначу беттан 30-чохь динчу зерашца, Таджикистанехь 5 954 стаг ву коронавирусан инфекцица. Ткъа беллачийн терахь – 52, хийцалуш доцу масех де а ду.

Юккъерчу Азехь уггар а хьуламе, репрессеш лелочу пачхьалкхех ю Туркменистан. Коронавирусан ун даьлла цхьа а стаг вац боху цара шайн. Могашалла Iалашъяран сферерчу кеп-кепарчу хьосташа Азатлык Радиога бечу хаамашца, Iедалхоша бакъ ца дахь а, Туркменистанан массо а регионашкахь аьлча санна, бу коронавирусан инфекцица нах.

Юьхьанца пачхьалкхан Iедалш дуьхьал хилира, Дуьненаюкъарчу могашалла Iалашъяран организацин делегаци шайн махка яийта, амма дахначу кIиранах шайн даша тIера а бевлла, Ашгабато дIахьедира, организацин векалш бахка мегар ду аьлла.

Дийцарехь, коронавирусан ун даьллачарлахь масех лор а цхьана ву. Ашгабатна гена йоццучу Чоганлы гIаларчу инфекцин лазартнехь  кхелхира COVID-19 вирусах ши лор.

Казахстанан президенто Токаевс боху, шайн "дуьненан юкъараллех лачкъон хIума а дац", цундела пачхьалкхера "ма-ярра" ситуаци гайта лаьа шена. Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь цо дIахьедира, дийнахь 28 эзар тест ян таро ю шайн аьлла.

Кхин дIа?

Токаевс тIедиллина инфекцийн дарбан хIусамашкахь маьнгаш совдахар, "пандемин шолгIа тулгIе хила тарлуш хилар" юьхьар а эцна. Казахстанан Iедалхой кхеташо дIаяхьа кечлуш бу, кризисо экономикана динчу зенех а дуьйцуш.

Охан-баттахь энергоресурсех йоьттинчу  пачхьалкхо дош деллера, пандеми йоьдучу юкъанна, шайн бахархошна а, жимчу бизнесна а лерина 13, 5 миллиард долларшкахь ахча хьажон.

Юккъерчу Азин кхечу пачхьалкхаша хIинца а план кечйина яц, кризисах довларх а, шайн бахархошна гIо латторах а.

Кху шарахь Юккъерчу Азин дуккха а мехкаш пандеми йолаялале дуьйна а тишачу финансийн хьелашкахь дара.

Таджикистано а, ГIиргIизойчоьно а жимма лакхадаьккхина шайн медицинан белхахошна алапаш, иштта гуманитаран гIо кхачийра тIедогIуш рицкъ доцучу доьзалашна а.

- Пандеми йолуш а, йоцуш а, суна цкъа а ца хетта Iедало сайн дола до аьлла. Оьрсийчохь йолчу ситуацех гIоьртина ду сан хьал. Даим а хилла ду иштта, - аьлла Оьрсийчохь къинхьегаман мигрант волчу Таджикистанерчу Ганижона.

Материалан оригинал кхузахь - Азатык Радио

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Дело не в дороге: с какими проблемами чаще всего сталкиваются автотуристы

Философ Беликов представил 10 тезисов о национальной политике

Сосуд депрессии. Что такое сосудистая депрессия и чем она опаснее обыкновенной

Spiegel: пропал осужденный в России немецкий бизнесмен Ральф Новак

Музыкальные новости

Бизнес в объективе. На столичных вокзалах открылась мультимедийная выставка

Песков: Москва и Пекин намерены продолжать диалог по поставкам газа

Один из лидеров «Салавата Юлаева» подписал контракт с ЦСКА: теперь официально

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе

Новости России

В Москве мужчина в ходе конфликта зарезал прохожего

«Это — по любви». Маньяк-душитель Миргород убил в Москве 17 женщин

Ольга Тимофеева: «Экологическая повестка волнует ...

Россия, Китай и Иран в совместном заявлении выразили поддержку соглашения по ядерной сделке

Экология в России и мире

Турецкие отели в шоке после банкротства крупнейшего туроператора: все оказались в долгах, как работать летом — непонятно

Скидки на звуковые щетки и зубную пасту для детей от компании "Ревилайн" до 6 июня 2024 года

В филиалах АО "Желдорреммаш" прошли мероприятия ко Дню защиты детей

Студия Звукозаписи в Москве. Создание Песен, Музыки, Аранжировок.

Спорт в России и мире

17-летний россиянин Даниил Саркисян разгромил Форбса из США на юниорском «Ролан Гаррос»

Мирра Андреева обыграла представительницу Франции Грачеву на "Ролан Гаррос"

Главный русский теннисист заставил Париж аплодировать ему стоя. Что удалось Осьминогу Медведеву?

Потапова о поражении от Свентек на "Ролан Гаррос": организм дал сбой

Moscow.media

Стартовал ремонт 25 км трассы Нижний Новгород – Великий Устюг в Костромской области

Два дня, наполненных театром, музыкой, книгами и наукой, — в Парке Горького во 2-й раз прошел Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»

РОССИЮ ОЖИДАЕТ ПЛЮС 50 ГРАДУСОВ: КАКИМ ГОРОДАМ ЖДАТЬ АНОМАЛЬНУЮ ЖАРУ

RooX UIDM защитит от перехвата токенов







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *