Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 6 стаг, цомгуш хилла 534
Уьнна дуьхьалоечу Оперативаш штабан хаамца, кхо стаг велла Дагестанехь, шиъ – Краснодар-махкахь, цхьаъ – ГIалмакхойчохь. Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг ву 800 стаг.
Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а Къилбаседа Кавказехь уьнах цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду:
ГIалмакхойчоь + 122 (1839)
Ставропол-мохк + 73 (5391)
Кхарачой-Чергазийчоь + 62 (3730)
Адыгей + 58 (2039)
Дагестан + 57 (8025)
Краснодар-мохк + 57 (6159)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 48 (5157)
ГIалгIайчоь + 24 (3112)
Къилбаседа Х1ирийчоь + 21 (4070)
Нохчийчоь + 12 (1748)
1 275 стаг цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь коронавирусах. Товбецан-беттан 3-чу дийнан Оперативан штабан статистико гайтарехь, 667 883 стаг ву ерриг а Оьрсийчохь коронавирусах цомгуш хилларг.