Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

«Хизб ут-Тахрир» тобано зударшна хIитто гураш

«Хизб ут-Тахрир» тобано зударшна хIитто гураш

ГIиргIизойчоьнан Пачхьалкхан къоман кхерамзаллан комитетан (ГКНБ) белхахоша ялх зуда лаьцнера, йихкинчу тобанан декъехь хилла аьлла, шеконаш кхоллаелла. ГIиргIизойн "Азаттык" Радионо яздо цунах лаьцна.

ГКНБ-н информацица, Нарынехь лаьцна ялх зудчух шеконаш ю, уьш ГIиргIизойчохь магийна йоцучу экстремистийн "Хизб-ут-Тахрир" тобанан жигара декъашхой хилла аьлла

Церан хIусамех хьуьйсучу заманчохь карийнера экстремизме чулацам болу жайнаш, «Хизб ут-Тахриран» агитацин материалаш чохь йолу планшет а, ноутбукаш а, телефонан сим-карташ а, цхьацца йозанаш дина тептарш а. Йоллу материалаш экспертизе яхьийтина. Ханна лецнарш латточу Нарын гIаларчу лоьмар 24 йолчу изолятор чохь бу лецнарш. "Экстремистийн тоба кхоллар" аьллачу пачхьалкхан зуламан кодексан артиклехь листа долийна гIуллакх.

Къайлахчу сервисаша меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллаца юкъахь дIаяьхьира зударий лоьцуш операци. Хьукматан куьйгалхочо Аалиев Улана цкъачунна зударий лецарх информаци луш яц. Аьтто ца баьлла лецначийн векалшца зIе таса а.

Динан экстремизман гIуллакхашкахула волчу эксперто Мурзахалилов Канатбека бахарехь, тIаьххьарчу заманчохь ГIиргIизойчохь жигара хьийза бакъо йоцуш вовшахйиттинчу тобанийн могIаршка зударий ийзош.

"«Хизб ут-Тахрир» тобанан "феминизаци" аьлла, цхьа дакъа ду. Организацин "зударийн тIам" боху маьIна ду цуьнан. 6-7 шо хьалха динан эксперташа дуьйцуш дара, ГIиргIизойчохь болх беш ю оцу организацин зударийн агIо бохуш. Юха а церан жигаралла мел а лахъелира. Кхеташ дац, коронавирусан пандеми йоьдучу хенахь цара шайн болх эвсара баккхарх. Делахь а, хIинца оцу организацерчу зударша  чIагIбина шайн болх", - дуьйцу ша бинчу талламех эксперто.

Нарынскан махкарчу Ат-Башинскан кIоштахь стохка а лецира динан-экстремистийн «Хизб ут-Тахрир» тобан 6 декъашхо. Уьш бехачу цIеношкахь талламаш бечу заманчохь карадеанера герз, патармаш, киншкаш, организацин кехаташ, ноутбук, телефон, сим-карташ а.

Нарын гIалин вахархочо Рысбеков Бакыта дуьйцу, кIоштан дозана тIехь оцу организацин массо а декъашхоша шайн болх дIакхоьхьуш хилар гуш дара бохуш.

"Динан векалш масал гойтуш хила беза биссинчу нахана. Хала хеташ делахь а, иза нислуш дац. «Хизб ут-Тахриран»  декъашхой хилла ца Iа Нарынехь, бу кхузахь  «Йакын инкар» боламан векалш а цхьана. Кху заманера, цивилан хьелашкара халкъ боданечу  кIуркIмане, ширачу замане дига гIерта уьш", - боху цо.

«Хизб ут-Тахрир» организаци экстремизме лерира 2003-чу шарахь ГIиргIизойчоьнан Лакхарчу кхелан сацамца. Дихкира цу тобанхошна пачхьалкхан йоллу территори тIехь шайн гIуллакх лелор а.

2019-чу шарахь динчу зерашца, экстремизмана а, терроризмана а бехкевина ГIиргIизойчоьнан набахтешкахь 434 стаг ву. Леррина уьш латто Iалашонца стохка Молдовановка цIе йолчу эвлара колонин дозана тIехь гIишло хIоттийра. Кхечу набахтешкара цига дехьабехира экстремизмана а, терроризмана а бехкебина тутмакхаш.

Динан гIуллакхашкахула йолчу Пачхьалкхан комиссин директорна Эргешов Зайырбекана хетарехь, тIаьххьарчу шерашкахь ГIиргIизойчохь «Хизб ут-Тахрир» тобанхойн болх мел а лахбелла богIу.

"Оцу агIор полисхоша а, динан векалша а, йоллу юкъаралло а цхьана бинчу балхо дика жамIаш гойту. Оха дуьйцу нахана, «Хизб ут-Тахрир» организацин идеологи нийса цахиларх. ТIаьххьарчу заманчохь царна тIаьхьа хIуьттучийн терахь жимдала доьлла".

ГIиргIизойчоьнан Зуламан кодексехь билгалдаьккхина ду, экстремизме чулацам болу йозанаш латторна а, даржорна а таIзаре озор хилар. Дуьххьара дIахьедар дой, я гIуда тухий вуьту, я колоне хьажаво. Нагахь санна, шолгIа, я юха а, юха а караводахь, таIзар дар чIагIдо: набахтехь яккха 3 шарера 10 шаре гергга хан кхачайо.

Динан эксперто, Турсунбеков Замира цхьацца меттигаш билгалъехира: "Оцу «Хизб ут-Тахрир»  организацин могIаршкахь наха дакъалацаран масех бахьана го суна. Цкъа делахь, динца кхетам цахилар ду и. Цул совнах, ю кхузахь политикан а, экономикан а факторш а. Халачу хенашкахь деба цу кепарчу тобанийн могIарш, ша догIа тоьхча жIалин нускалш санна. ХIоьттинчу хьолах пайдаоьцу цара. Оцу организацин декъашхой бу ГIиргIизойчохь. Къайлах бо цара шайн болх. Пачхьалкхан урхалла дарна юкъагIортар ю организацин идеологи.

2003-чу шарахь пачхьалкхан территори тIехь кхелан сацамца йихкина ю, экстремизме я терроризме хета 21 динан организаци. Ю царлахь «Джабхат ан-Нусра» а, «Жайшуль Махди» а, «Ансару л-Лах» а, «Хизб ут-Тахрир ал-Ислами» а, «Группа Джихад» а, «Малхбален-Туркестанан исламан болам" а, иштта кхинйолу дуьненаюкъара экстремистийн организацеш а.

Оцу тобанех дукхахйолчийн Iалашо ю демократин, динца йоцу, дуккха а партеш йолчу ГIиргIизойчоьнан дIахIоттам боха а бина,  цуьнан метта шайн "динан халифат" кхоллар.

Организацийн цIарах яржош мел йолу материлаш а, информаци а, я царех хьакхалуш долу йоза а экстремистийн литература ю аьлла, дIакхайкхийна а ю, йихкина а ю  кхелехула.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Яд в бульоне. Врач объяснила, из каких съедобных грибов не стоит варить суп

Советская Москва в 1961 году

Фотопрогулка по советским городам. Классная подборка!

ДГИ Москвы предложил столичным специалистам создать картографический веб-сервис

Музыкальные новости

Анна Asti и Дима Билан стали лучшими исполнителями по версии премии МУЗ-ТВ

Память Жанны Фриске почтили посмертной наградой и ее песней на музыкальной премии

Попурри мелодий и дух патриотизма: военный оркестр в парке «Кузьминки» отметил День России

Многонациональный «Хоровод со Знанием» собрал более 1000 гостей Выставки “Россия”

Новости России

Синоптик Леус: 15 июня в Москве будет сухо и до +26 градусов

Кузбасского чиновника из 90-х арестовали в Италии по делу об авантюрном побеге

Советская Москва в 1961 году

5 мест, где можно вкусно позавтракать в Москве

Экология в России и мире

Назван российский город, откуда в Турцию срочно увеличивают число рейсов, впервые поставив широкофюзеляжный самолет Airbus 330

Новый ирригатор Revyline RL 610 Green Dragon уже в продаже в Норильске

В Москве пройдет выставка Евгении Васильевой «Между пороком и добродетелью»

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду

Спорт в России и мире

Рафаэль Надаль пропустит Уимблдон ради подготовки к Олимпиаде

Дядя Надаля назвал причину поражения Зверева в финале «Ролан Гаррос»

Медведев, Кафельников, Федерер, Маррей, Роддик, Агасси поздравили Синнера со статусом первой ракетки мира

Хачанов вылетел с турнира ATP в Хертогенбосхе после первого же матча

Moscow.media

Жители Екатеринбурга в День России вывесили баннеры против точечной застройки

В Ингушетии чиновники похищали бюджетные средства, предназначенные для поддержки семей с детьми

Закат на Катуни

Летний Петербург. Старо - Калинкин мост







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *