Дийнахь-буса 4 стаг велла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь, цомгуш хилла кхин а 402
![Дийнахь-буса 4 стаг велла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь, цомгуш хилла кхин а 402](https://gdb.rferl.org/CEADE3F0-A6A3-4D1A-A9B0-33E540A41E65_w800_h450.jpg)
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 4 вахархо. Лаьцна уьно кхин а 402 стаг.
Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, велларш бу: Дагестанера 2 стаг, Краснодар-махкара, Ставропол-махкара – цхьацца. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 814 вахархо.
Дийнахь-буса а, коронавирус юкъаяьлчхьана а цомгуш хилларш:
Ставропол-мохк +82 (5569)
Краснодар-мохк + 62 (6280)
Дагестан + 52 (8132)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 47 (5251)
Кхарачой-Чергазийчоь + 43 (3817)
ГIалмакхойчоь +37 (1915)
Адыгей + 26 (2094)
Къилбаседа ХIирийчоь + 22 (4114)
ГIалгIайчоь + 16 (3154)
Нохчийчоь + 15 (1772)
42102 стаг ву, официалан хамашца, Къилбаседа Кавказехь пандемин берриг муьрехь цомгуш хилларг. Опреативан штабо бахарехь, Оьрсийчохь цамгар шайца билгалъевлларш бу 681 251 стаг.
Федералан штабанний, регионашкарий статистика галморзахъюьйлу кест-кеста – иза барамаш лору методика кеп-кепара хиларца дузу Iедалхоша (коронавирус баларийн коьрта бахьана лерина дацахь, велларг ца язво пандемин дарийн могIара).