Пандеми - Оьрсийчоь: 7 эзарнал лахара ду дараш
Пандеми яьржичхьана схьа Оьрсийчохь цомгуш хилларг ву 680 сов вахархо, товелла царех 450 сов стаг, кхелхина 10 эзар сов.
Федералан штабанний, регионашкарий статистика галморзахъюьйлу кест-кеста – иза барамаш лору методика кеп-кепара хиларца дузу Iедалхоша (коронавирус баларийн коьрта бахьана лерина дацахь, велларг ца язво пандемин дарийн могIара).
10 де ду дийнахь-буса Оьрсийчохь тIекхуьучу дархойн барам 7000-нал лахахь лаьтта. Москвахь и терахь лаьтта 1000-нал лахахь.
Хопкинсан университетан информацица, Оьрсийчоь, хьалха а санна, кхоалгIачу меттехь ю коронавирус яржарца. Амма оцу метте кхаьчна хила тарлуш ю кIиранденна ХIиндойчоь.