Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Бакъонашларъярхоша дехар дина Бастрыкине, Умаева ер тергоне эца аьлла

Нохчийчохь еллачу 23 шо долчу Умаева Мадинин гIуллакх Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре тергоне эца аьлла, дехар дина "Мемориалан" а, Amnesty International а, "Гражданское содействие" а, кхийолчу а бакъонашларъяран организацеша. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан яларан хьокъехь динчу къамелаша эксперташна а, тешашна а тIеIаткъам барна кхоьру шаьш боху кехатан авторша.


Маршо Радионо яздина ма хиллара, Мангал-беттан 12-чохь Гуьмсехь елира 23 шо долу Умаева Мадина. Буьйсанна дIайоьллинера иза. Умаева Мадинина эксгумаци яйтира талламан комитетан сацамца а, йоьIан ненан тIедилларца а. Нанна Довлетмирзаева Хутматна хаа лиира, мича бахьанашца елла шен йоI, иза дIайоллар сихдарна. Дийнахь жимачу зудчун дов даьллера шен майрачуьнца, берийн ахчанах цо телевизор эцарна, яздора хаамийн гIирсашкахь.


Еллачух бинчу талламийн жамIаш дерриш а кийча дац хIинца а. ЧГТРК "Грозный" телевизионан эфирехь дийцарехь, цуьнан дегIахь хьоьвсинчу паталогоанатомашна бертаза йийна хиларан ларш ца карийна.


Ткъа дIайоьллина йоI хьалаяьккхинчул тIаьхьа нанас дIахьединера, дегIаца чов а яра шен йоIан, марчонна тIехь цIий а дара аьлла.


Гуьмсехь шина а агIонан нах вовшахтоьхначу Кадыровс дIахьедира, йоI йийна аьлла цхьана а кепара тоьшаллаш цахиларх.




Мехкан куьйгалхочо хуьлуш хIума ду элира, доьзалехь тохар а, Iоттар а.

"Марехь девнаш а хуьлу, къийсамаш а хуьлу, майрчо тухуш а хуьлу", - аьлла, дIахьедира Кадыровс. Цунна хьалха а шена гечдар дийхира Умаева Мадинин нанас.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *