Нохчийчохь лаьцначу Джикаеван гергарчарна иза гойтуш яц
"Изолятор чохь халахетарш до шена, амма мамина ма хаийта аьлла, кехат даийтинера цо. ГIад дайначу цо ша шена тIе куьг даьхьна хила тарло. Тхойшиннан къамел хилла дац, я телефонехула йистхилла а яц, гина а яц суна иза, дерриг а хаа. Талламчаша бакъо ца ло цуьнца цхьаьнакхета. Адвокатехула дехар динера оха, коронавирусах бахьана а дина, жоп ца делира", - аьлла, дийцина агенталле Джикаеван йишас Каринас.
Зазадокху-беттан 9-чохь Соьлж-ГIалахь лецира Джикаева Малика. Наркотикаш латтош хилла аьлла, шеконаш эгна цунна тIе. Кху шеран Марсхьокху-бутт юккъе баллалц чохь латтон хан дIаяхйина цунна кхело.
Хьалхо Джикаевана гIуда туьйхира, магийна йоцчу меттигехь герз кхийсарна. Полисхочун барзакъ а доьхна, герз диттинера цо.
Инстаграмехь цо зорбане йоху провокацин видеошна тIехула иза лаьцна бохуш, дIахьедар динера хьалхо йоьIан гергарчара.