Къилбаседа Кавказ: COVID-19 вирусах 12 велла, ун даьлла 333 стагана
Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь коронавирусан уьнах велла 12 пациент, вирус къаьстина кхин а 333 стагаца.
Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина - виъ пациент, ГIебарта Балкхаройчохь -кхоъ, Ставрополан кIоштахь – шиъ, Краснодаран махкахь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а – цхьацца кхелхина.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 831 дархо. Къаьсттина дукха нах билгалбевлла коронавирусан инфекцица Ставрополан кIоштахь – 79 стаг:
Ставрополан кIоштахь +79 (5 728 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIошт + 59 (6 399)
Дагестанехь + 48 (8 232)
ГIебарта-Балкхаройчохь + 46 (5 343)
Кхарачой-Чергазийчохь + 32 (3 882)
Адыгейхь + 24 (2 145)
Къилбаседа ХIирийчохь + 20 (4 155)
ГIалгIайчохь + 16 (3 185)
Нохчийчохь + 9 (1 795)
ГIалмакхойчохь + 0 (1 947)
Къилбаседа Кавказехь верриг а уьн даьлларг ву 42 815 стаг. Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь вовшахкхетта уьш тIаьххьарчу зерашца, 694 230 стаг.
Масех де а ду Ставрополан кIошт лидершлахь йолу, коронавирусан инфекцица болу нах дукха болуш. ГIалмакхойчоь яра кхул а хьалха юьйцуш.