Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Денисенко Еленас бакъ ца до, вийначу Умаровн хIусамнанна ша тIеIаткъам бина хилар

Украинхойн а, нохчийн а доттагIаллин юкъараллан куьйгалхочо Денисенко Еленас бакъ ца до, вийначу Умаров Мамиханан хIусамнене цунах дIакъаста ша баьхна хилар. "Кавказ.Реалиига" бина цо и хаам.


Украинан яхархочо Денисенкос дийцина, 2017-чу шарахь дуьйна УмаровгIеран доьзал бевзаш яра ша аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна маьттазчу маттахь критика еш видеоблог яра цо лелош. Байначу баттахь шозза кIело йина а хиллера цунна.


"ДоттагIаллин уьйраш яра сан Анзорца, цунна хаьара ша вен тарлой, ткъа со цуьнан доьзал кIелхьарабоккхуш, гIо дан гIертара. Ойла хилира сан, нагахь санна, цуьнан хIусамнанас шен цIийндас дуьйцучунна юкъара цахиларх видео дIаязйича, дика хир дара аьлла. Иштта дан а дара и. Ша бакъволу нохчо вара Анзор, доьзалехь цо аьлларг чекхдолура. Анзоран хIусамненан Заремин синтем байнера, цундела иштта идей ас кховдийнера. Цо дIаязйина видео хьаьнга дIалур яра со хууш яцара, амма Кадыровх хабар дIатухур долу нах карабойла дара", - дийцина Денисенкос.


Иштта цо тIе ца дуьту, нохчийн батальонан куьйгалхо Осмаев Адам а, цуьнан зуда Окуева Амина а, хIетахь Лакхарчу Радан депутат хилла Мосийчук Игорь а, уьш байъа кхайкхош, аудиош хьалхо Умаровс шега тийсина бохург а.


Мосийчука дIахьединера, Умаровн хIусамнене Украинерчу яхархочо Денисенко Еленас телефон тоьхна хиллера, массарна а хезаш цунах дIакъаста аьлла, ца хуьлчу далахь, иза а, цуьнан доьзал а хIаллакбийр бу бохуш.


Мосийчука дийцарехь, Денисенкона иштта хууш хиллера, цунна а, Осмаевна а, Окуевана а кIело кечъеш хиларх, амма хIетте а цо дIахаийтина ца хиллера ницкъаллийн структурашка.




Кху беттан 4-чохь коьртах герз диттина вийра Умаров Мамихан Вена гIалина гена доццучу меттигехь. МухIажаран статусехь хиллера политикан эмигрант. Иза верна бехке хеташ, шеконашца лаьцна Нохчийчьура Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *