Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцийн тептара язвина Пригожин а, Оьрсийчуьра кхин а ши стаг а, пхи компани а
Бахьанех цхьаъ иштта довзийтина: Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн харжамашна юкъагIертар. Цул совнаха, Пригожин бехкево цо Суданера хьал дохош долу зуламаш лелорна а.
Санцеш кхайкхийначу пхеа фирманашлахь ю Петербургера "М Инвест" а, Суданера, Китайра, Гонконгера компанеш а.
Американ Пачхьалкхан департаментан информацица, Суданера Meroe Gold Cо. Ltd компани уьйрахь ю массара а долалла Пригожинна тIехьош йолчу Оьрсийчуьрчу "Вагнер" компаница (кхечу пачхьалкхашка а лелаш, тIемаш бен долара компани).