16 шо долу йоI ерна оьмар кхачаяллалц набахтехь латтор ву Адыгейра Курников
Шен велла дIаваллалц латтор ву иза набахтехь – иштта ду цунна дина таIзар, элира Кавказ.Реалиига талламан комитетан Адыгейрчу урхаллехь.
Майкоперчу №34 школера 16 шо долу йоI яйра, дешна а яьлла, цIайоьдучу новкъара стохка бIаьста. Пхеа баттахь лийхира иза, гIишлош ечу меттигерчу нехашна бухахь карийра дакъа.
"Гин суна, йоI чуели. Со захало дийца вуьйли. Цо тIе ца оьцу, куьг а ца хьокхуьйту, со дIатетта ели. Туьйхи ас, лаххара а шозза-кхузза", - дийцина талламхошка Курниковс (Талламан комитетан видео).
"Талламо а, кхело а Iорадаьккхина Курников оцу дийнахь мийлина, вехна хиллийла", - хаам бина Адыгейрчу Талламан комитетан урхаллин пресс-векалто.
ЙоI ша хьийзийначул тIаьхьа йийна Курниковс чIерий лоьцучу эвнан тIийригца, лачкъийна цуьнан куьйгах доьхку смарт-сахьт а, ши мобилан телефон а.
Оццу могIарара зулам дарна хьалха а набахти текхна ву Курников - 13 шо чохь даьккхина цо зуда ерна.