Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 6 стаг велла коронавирусах, 404 цомгуш хилла
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 6 стаг велла, 404 цомгуш хилла.
Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, кхо вахархо велла Краснодар-махкахь, шиъ – Адыгейхь, цхьаъ – Ставропол-махкахь. Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгарх велла 893 стаг.
Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а коронавирусах цомгуш хилла:
Ставропол-мохк +102 (6496 за все время эпидемии)
Краснодар-мохк + 67 (6979)
ГIалмакхойчоь + 55 (2275)
Дагестан + 45 (8647)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 40 (5726)
Кхарачой-Чергазийчоь + 25 (4134)
ГIалгIайчоь + 22 (3366)
Адыгей + 17 (2308)
Къилбаседа ХIирийчоь + 16 (4303)
Нохчийчоь + 15 (1878)
Официало бахарехь, 45 996 стагах хьакхаделла ун Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана схьа. Оьрсийчохь - 752 797 стагах.
Федералан штабан информаци дукха хьолехь йогIуш ца хуьлу регионашкарчу терахьашца. Хьаькамаша иза дузу Москвахь а, меттигашкахь а цомгушнаш зер кеп-кепара дIахьош хиларца.